Ахматукаев Адаман «Аьзнаш»

Нохчийн, оьрсийн, беларусийн метанашкахь араяьллачу иттех книгин автор ву гочдархо, публицист, поэт Ахматукаев Адам. Ткъех сов юкъарчу гуларан авторшна юкъахь а ву иза. Нохчийчохь вевзина ца Iаш, Россехь а, цул арахьарчу мехкашкахь а цIе йоккхуш ву Адам.

Кхечу къаьмнийн яздархошца гергарлонаш туьйсуш, цаьргахула нохчийн литература йовзуьйтуш болх беш ву иза.

Цул сов, дуьненаюкъарчу литераторийн гуламашкахь жигара дакъалоцуш а ву.

Къаьсттина исбаьхьаллин гочдаршна тIехь алссам къахьоьгуш ву Адам. Цо гочйина 80 гергга яздархочун стихаш, поэмаш, дийцарш зорбане дийлина «Орга», «Вайнах», «Нана», «Гоч» журналашкахь.

Царна юкъахь къаьсттина меттиг дIалоцу беларусийн яздархойн говзарша.

Иштта, хаза кхаъ кхаьчна Ахматукаев Адаман стихийн рогIера «Аьзнаш» цIе йолу гулар араяларан хьокъехь.

Оцу гуларна юкъаяхана Адаман 60 байт а, «Синойн пхьоьха» поэма а, иштта, цо гочйина йолу М.Лермонтовн «Мцыри» поэма а.

Адаман кIедачу амалца а, цуьнан аьхначу къамелаца а йогIуш, шен синан кIоргенера Даймахке, нене, нийсоне болчу безамах лаьцна язйина, ешархо йийсаре лоцур волуш, исбаьхьа байташ ю «Аьзнаш» гуларехь.

ВЕГИЕВА Макка
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: