Студентийн дешаран-тренировкийн база схьайиллина

Лахьанан (ноябрь) бутт беркате беана Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан физически культурин а, спортан а факультетан студенташна.

Оцу факультетехь даздаран хьолехь схьайиллина дешарантренировкийн база.

Иза схьаелларехь дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран декхарш кхочушдечу Байханов ИсмаьӀала а, университетан Ӏилманехула а, дуьненаюкъарчу гӀуллакхашкахула а волчу проректора Арсалиев Шавадис а, физически кульурин а, спортан а факультетан декана Элипханов Салмана а, оццу факультетан профессора Аслаханов Сайд-Ӏалис а, университетан кхечу факультеташкарчу студенташа а, хьехархоша а.

Байханов ИсмаьӀала баркалла элира университетан спортан керлачу майданан проект вовшахтохарна а, иза кхочушъеш жигара дакъалацарна а университетан физически культура хьехаран теорин а, методикин а кафедрин профессор а, Нохчийн Республикин физически культурин хьакъволу белхахо а волчу Аслаханов Сайд-Ӏалина.

Дешаран-тренировкийн базехь йоккха майда ю футболан, баскетболан, волейболан, теннисан, бадминтонан, гандболан ловзаршна. Чов хиларх ларвеш йина ю майдан тӀехуле.

Студентийн дешарна дог-ойла гIаттийна ца Ӏаш, университеташна юкъахь спортан къийсадаларш дIадахьарехь а пайдехь хир ю тренировкийн база.

Керлачу базехь долчу хьелийн мах хадийра «Грозный» волейболан клубан декъашхоша а, студенташа а.

Университетан студентийн шайн мокъа хан беркате а, могашаллина пайдехь а яккха дика аьтто бу иштта база хилча.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тӀехь: Хьехархойн университетехь дешаран-тренировкийн база схьаеллар
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: