Ча

Черчий дуьненахь пхеа тайпана ю: бора ча, кӀайн ча, Гималайн ча, маьлхан ча, панда.

Черчий хӀинца а йолуш ю Галицехь а, Балканан ахгӀайри тӀехь а, Кавказан лаьмнашкахь а, Испани лаьмнашкахь а, иштта кхидолчу мехкашкахь а.

Хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а хуьлу черчий. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Черчий вайн махкахь а ю дуккха.

Хьожанца билгалонаш хаар чӀогӀа ду церан, бӀаьрсинал лерган само ира хиларна. Кхерам тӀехӀоьттича, мара ирх а бохуьйтий, хьожа йохуш лаьтта иза. Корта дӀаса а хьийзош, и хьожа муьлхачу агӀор схьаеттало хаа гӀерташ. Мох болчу агӀор стаг цхьа километр генахь хилча а, хьожа кхета чана.

Жимма а таллархо хаавелча дӀаэккха ча. Ядар кхисса а луш, жимма пурх а йирзина ду цуьнан, чехка а йоду иза. Цуьнан даарш дуккха а ду. Чано буц а, жӀаьлинускалш а, хьуьнан стоьмаш а, ялта а дуу. Дитт ластийча охьа ца эгаш болу стоьмаш, тӀе а йолий, генаш лестош эгобо.

Хи чохь нека дан а хаьа цунна, чӀара а лоцу цо. Акха никх я накхарш лелош болчу нехан никх карийча, и бохабой, моз дуу. Зингатийн барз а бохабой, уьш а дуу цо.

Хин йистера тӀулгаш керчош, цу кӀелара нӀаьний а кхоьбарчий а юу. Шен ка яьлча чано нал а, говр а, бежана а доь. Иштта ницкъ болуш ю иза.

Ча Ӏай набарна дӀаюьжу, шен бена чохь, бӀаьсте яллалц. Хьуьн чохь охьакхеттачу диттана кӀелахь а, иза буха даьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а, бен а бой дIаюьжу иза. ТӀе догӀанан хиш Ӏийдалуш меттиг ца еза, цундела ша дӀайижа кечлуш, тӀехь тхов болу меттиг лоху цо

МУСЛИМОВ Абу
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: