Вайн махкахо – Европин чемпион

Хаза кхаъ кхаьчна хIокху деношкахь Прагера (Чехи). Цигахь дIаяьхьна дзюдохула Европин чемпионат. Россин командина юкъахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин «Ахмат» спортан клубан векал Башаев Тамерлан.

ДIадаьхьначу латаршкахь цуьнан аьтто хилла финале вала а, дашо мидал яккха а.

Финале кхачале хиллачу латаршкахь шеца къовсалуш болчу Венгрерчу а, Азербайджанерчу а, Гуьржийчуьрчу а спортсменел туьйлира вайн махкахо.

Цул сов, чийрикфиналехь (четвертьфинал) шеца къовсалуш волу Чехера 2016-чу шеран олимпийски чемпион Крпалека Лукаш эшо аьтто белира Тамерланан.

Ткъа финалехь цо толам баьккхира вайн махкахочуьнца Тасоев Иналаца хиллачу къовсамехь.

Иштта Европехь а сийлахь ларалучу йозаллин категорехь (+ 100 кг) чемпион хилла Башаев Тамерлан.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хазахетарца декъалвира толамхо:

– Ас даггара декъалво Тамерлан баккхийчу кхиамашца! Дикачу жамIашка кхаьчна иза. Дала аьтто бойла цуьнан керлачу къийсадаларшкахь! Иштта суна баркалла ала лаьа вайн ларамечу вешина, вайн охьатохархлатархой кечбеш болх дIахьочу Дзюдон СКФО-н Федерацин Президентана Эдильгириев Амруддина.Дала тIаьхье беркате йойла вайн! – элира цо.

МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: