Муцуров Хизар кхалхарца — Дагестанера кадам

Муцуров Сайдин Хизар кхалхарца доьзна кадам бина Дагестанерчу хирургийн юкъаралло Тхайн белхан накъост – Нохчийн Республикин коьрта хирург Муцуров Сайдин Хизар кхалхаран хьокъехь болу шийла кхаъ чӀогӀа халахетарца тӀеийцира оха.

Иза говза хирург а, дика куьйгалхо а, ша везачара-вевзачара лоруш а стаг вара.

Хинболу лоьраш а, къона говзанчаш а Ӏаморна а, дархой кӀелхьарбахарна (операцеш ярца) а шен дахаран оьмар дӀаелла вара иза.

Сайдин Хизар тхайн иэсехь дика а, башха а стаг санна ваха вуьсур ву.

Дагестанерчу хирургийн юкъаралло, халахетаран доккха дакъа кхачарца, даггара кадам бо Хизаран доьзале а, гергарчаьрга а.

Тхан дегнашкахь, тхо мел деха, цуьнца доьзна, сирла, цӀена иэс а дехар ду тхоьца.

Дагестанерчу хирургийн юкъаралла
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: