ХIокху деношкахь ТIехьа-МартантIерчу Берийн кхоллараллин цIийнан аьхкенан лагеро дIаболор бу шен болх. Дагадаийта лаьа, лагерь дIадаханчу шеран аьхка схьайиллина хилар. ТIехьа-МартантIерчу бахархошна цунах боккха кхаъ хиллера.
Берийн кхоллараллин цIийнан директора Бериева ПетIамата дийцарехь, дIадаханчу шарахь 200 гергга беро садаьIира цигахь. Кхуза кхаьчча самукъадолий хьаьвзара бераш.
Аьхка берийн мукъа хан дуккха а хуьлу. Бераш харцахьа лела а, вочу хIуманна Iама а тарло. И тайпа хIума ца хилийта а, берийн мукъа хан эрна ца яхийта а схьайиллина ю билгалъяьккхина лагерь. Къаьсттина берийн дай-наношна мехала гIуллакх хета иза хилар.
П.Бериевас хаийтира берашца шаьш бан леринчу белхан план хIоттийна хилар. «Жимчохь шена хьехнарг дика дIалоцу бераша. Цаьрца кхетош-кхиоран болх бо хьехархоша. ХIокху шарахь а берашна ловзарш а, конкурсаш а вовшахтоьхна ца Iаш, школе дахаза долу бераш школе даха кечдан хьовса а дагахь ду тхо», – дийцира цо.
Иштта, сих-сиха хитIе лийча а дуьгур ду бераш. ХитIе дуьгуш, берашна къаьсттина хазахета.
Билгалдаккха лаьа, лагерехь берашна гIиллакх-оьздангалла а хьоьхург хилар. Цунах боккха пайда хир бу берашна.
З.ХАСИЕВА
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо