2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахьлерчу референдумехь нохчийн халкъо тӀеийцира Нохчийн Республикин Конституци а, Нохчийн Республикин Президент (хӀинца – Куьйгалхо) а, Парламентан а харжаран хьокъехь долу законаш а.

Оцу законашца нийса а догӀуш, вовшахтоьхначу Нохчийн Республикин Парламенто шен 15 шо кхачар билгалдаьккхира хӀокху деношкахь.
Ша вовшахтоьхна 15 шо кхачар билгалдаьккхинчу Нохчийн Республикин Парламенто, шен оьмарехь, 985 республикин закон а, 3 571 сацам а тӀеэцна.
Цул сов, къобалдина федерацин тӀегӀанера 9 608 закон.
7 эзар сов цхьаьнакхетар дӀадаьхьна бахархошца, иштта, 5 эзар гергга вахархо тӀеэцна.
Бахархоша дина 4 эзар сов дехар а теллина.
Амма коьртаниг иза дац. Коьрта ду нохчийн халкъан таханлера пачхьалкхалла дӀахӀотторехь Парламенто лаьцна дакъа.
Таханлера Нохчийн Республика «парламентан-президентан» урхаллин хиларе терра, Нохчийн Республикин Парламентан бакъо ю, хӀоразза а референдумаш а ца еш, Конституцина юкъа хийцамаш бало.
Оцу шен бакъонах жигара пайда а оьцуш, Парламентан болх бовзуьйтур бу вай, таханлера нохчийн пачхьалкхалла чӀагӀъяран декъехь цо динарш а дуьйцуш.
Нохчийчоь, Россина юкъайогIуш елахь а, шен пачхьалкхалла а, шен билгалонаш (доза, байракх, герб, мотт, дIахIоттам, и.дI.кх.а) а йолуш республика ю.
Шен пачхьалкхан меттанаш а ду Нохчийчохь: нохчийн а, оьрсийн а.
Цул сов, Нохчийн Республикин статус а хийца йиш яц, нагахь республика реза яцахь, ткъа дозанаш хийцар маггане а магош дац, нагахь халкъо пурба а, шегара бакъо а ца еллехь. Лерринчу референдумехь елла хила езаш ю иза.
Нохчийн Республикин Iуналлехь ду пачхьалкхан меттанаш чIагIдаран, республика кIошташка екъаяларан, республикин герб, байракх, гимн билгалъяккхаран, пачхье къасторан, Конституци тIехь хийцамаш баран, республикин законаш тIеэцаран гIуллакхаш.
Иштта, Россин Федерацин субъекташкахь а, кхечу пачхьалкхийн субъекташкахь а шен векалш хӀитто а, векалаллаш схьаелла а бакъо ю Нохчийн Республикин.
Цу тӀе, Россин Федерацин кхочушдаран Iедалан органийн Нохчийн Республикехь йолчу урхаллийн хьаькамийн даржашка хIитто къастийначу кандидатийн декъехь а барт бо Нохчийн Республикица.
И.ИСЛАМОВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де