«Терек» – «Урал» – 1:3

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан тIаьххьарчу туран матчехь Соьлжа-ГIалин «Терек» шен цIахь «Ахмат-аренехь» цхьаьнакхийтира Екатеринбургерчу «Урал» командица.

Майданан дай: Я.Годзюр, Р.Уциев, Родолфо, А.Семенов, И.Айссати (А.Аилтон, 58), Ж.Мауриссио, Д.Кузяев (Ж.Бокила, 70), И.Лебеденко (Х.Кадыров, 81) М.Рыбус, А.Мбенгуе, О.Иванов.

Хьеший: Д.Арапов, В.Хозин, А.Данцев (А.Ставпец, 68), Н.Марков, Р.Емельянов, А.Сапета, Х.Асеведо, А. Новиков, А.Фидлер, Ч.Лунгу (С.Серченко, 70), С.Гогниев (Д.Дорожкин, 90).

Коьрта суьдхо Безбородов  Владислав (Санкт-Петербург).

ДIадаханчу мукъачу деношкахь чекхъелира 2014–2015-чуй шерийн Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Футболъезархойн шайн хьомечу командин ловзар гаре шина баттахь  гергга хьежа дезар ду. Ткъа премьер-лигин тIаьхьарчу турех лаьцна дийцича, Соьлжа-ГIалин «Терекан» Екатеринбургерчу «Уралца» хиллачу цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна соьлжагIалахоша партала ловзар гайтира. Матчехь дуьххьара счет схьаелла герга вара Иванов Олег. Амма цо коьртаца тоьхна йолу буьрка схьалецира хьешийн вратара. 38-чу минотехь ларамаза шайн кевна чу буьрка туьйхира Емельянов Романа. Ткъа цул тIаьхьа сахьтан цхьамза шозза гуо таса кхиале Екатеринбургерчу футболисташа счет дIанисйира. Годзюр Ярослав шен кевнара дикка гена араваьлла хилар гина волчу Гогниев Спартака вайн вратаран тIехула а кхуссуш, буьрка чу туьйхира. Цул тIаьхьа «Урална» пхи минот тоьира майданан дайшна шолгIа гол тоха. Асеведо Херсона шега дукха дика елла йолчу буьрканех пайда ийцира Хозин Владимира. Серлонан таблон тIехь 1:2 долуш садаIа яхара командаш. СадаьIначул тIаьхьа а соьлжагIалахой хьалха санна  ловзура,  шайн тIелатар гол тохарца ца дерзалора цаьрга. Цхьаьнакхетар чекхдала масех минот йисинчу хенахь счет йоккха йира хьешаша. Оцу матчехь нохчийн болельщикийн кхоалгIа дог дохийнарг вара Серченков Сергей. ЖамI 1:3 долуш ийшира «Терек».

Довзуьйту 30-чу туран кхидолу жамIаш: «Спартак» (Москва) – «Амкар» (Пермь) – 3:3, «Уфа» (Уфа) – «Рубин» (Казань) – 1:1, «Зенит» (Санкт-Петербург) – «Локомотив» (Москва)  – 1:0, «Кубань» (Краснодар) – «Арсенал» (Тула) – 5:1, «Торпедо» (Москва) – «Мордовия» (Саранск) – 2:0, «Ростов» (Дона-тIера-Ростов) – ЦСКА (Москва) – 1:1, «Динамо» (Москва) – «Краснодар» (Краснодар) – 1:1.

 А.АДАМОВ

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: