«Далур дац аьлла хетарг а дина карадойту Кадыров Рамзана», – элира Грозненски муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочо Абазов Рустама Пролетарски юьртахь беш болчу белхан хьокъехь къамел деш.

Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртахь ширделлачу, доха гергадаханчу дукхапетарийн цIеношкахь Iаш болчарна долахьчу цIенойн дийнна куп ю еш.
ХIара шо чекхдалале и белхаш чекхбаха безаш бу. Иштта тIедиллар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дукха хан йоццуш кхузахь хилча.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдар хIайттараллица дIахьош ду. Юьртахь кхехкаш бу гIишлошъяран белхаш.
Уьш муха дIабоьлхуш бу дийцира «Нохчийчоь – Тахана» хаамийн агентствон корреспондентана Грозненски муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочо Абазов Рустама: – Оха каде штаб вовшахтоьхна. Тахана 8-гIа де ду тхо кхузахь долу. Тхан-м кхузахь бедарш хуьйцуш меттиг а ю. Гуттар а чIогIа, таро йоццу, гIуллакх Iоттаделчий бен кхузара дIадовлуш дац тхо, диллина гIишлошъяран майданахь ду. Кадыров Рамзана кхаарин дийнахь тIедиллира буьйса юкъал тIехъяьлча, 4 сахьтехь 32 доьзал шайн хIусамашца, бахамца керлачу хIусамашка дIакхалхабе аьлла. Оха уьш керлачу хIусамашка дIа а кхалхийра. Инзаре хIума дара иза. И гIуллакх кхочушдеш вара 100 сов стаг, цаьргахь 50 киралелон машен а, 120 леррина техника а яра. Иштта оцу гIуллакхна юкъаозийнера 450 сов белхало а. Буьйсанна, хьалхарчу сахьтах 15 минот яьлча, гIишлошъярхоша дIадолийра ширделла цIенош дIахьакхар, дохор. ПIераскандийнахь «Мегастройс» дIадолийра лард йоттар. Тамашийна хIума дара болх оццул сиха дIабахар, белхалой оцу кеппара балхана тIеберзар. Кхузахь мел деш дерг лаккхара дикалла йолуш деш ду.
Билгалдаккха деза Пролетарски юьртара шира цIенош 1960-чу шерашкахь дина хилар. Уьш дIалеIна. ХIинца говзанчаша дIахьош ду пенаш доттар, тхевнаш дахар, хьахаран белхаш бар. Оццу хенахь цIеношна тIеялош ю газ, электросерло, хи. ЦIенош дарехь шина сменехь къахьоьгуш 450 говзанча ву.
«ХIинцале белхаш 50 процентана бина бевлла, – дуьйцу кIоштан администрацин куьйгалхочо. – ДIахьош ду инфраструктура яр – ширделла электросерий хийцар, газан биргIанаш тасар, канализацеш яр. Цул сов, карарчу хенахь тхо керташ, цIенойн тхевнаш куьце далош ду. Оцу доьзалшка керла шо керлачу хIусамашкахь даздайта дагахь ду тхо».
Ша дийцинчунна тIетухуш цо билгалдаьккхира юьртарчу бахархошна «Россин почтин» керла гIишло еш хилар. Иза йина яьлча бахархойн аьтто хир бу, кхечу ярташка я гIала дIаса а ца лелаш, кехат я кхидолу муьлхха а документ дIадахьийта, почто кхочушдечу кхечу хьаштех пайдаэца.
– ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствоца цхьаьна оха сацам бина дукхапетарийн шина цIийнан тхов хийца. Оцу хIора а цIа чохь бархI-бархI петар ю. Иштта, оцу цIеношна капитальни ремонт а ю еш. ХIинца оха дIахьош ду цIенойн ков-керташ, гонахара меттигаш куьце ялор. ТIедогIучу шарахь билгалдеш ду маьждигана хьалха садаIа меттиг кечъяр. Цигахь гIанташ а, берашна ловза майда а хир ю, – бохура Р.Абазовс.
Муниципалитетан куьйгалхочо билгалдаьккхира Пролетарски юьртахь дика хийцамаш Нохчийн Республикин Куьйгалхо бахьана долуш хуьлуш хилар.
«Цу тайппана сацамаш бо-кх Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Далур дац аьлла хетарг а дина карадойту-кх цо. ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь, шеран хьалхарчу беттанашкахь, со хIокху дарже ма хIоттийна, кхузахь хилира со. Баккъал а и цIенош белхамечу хьолехь дара. Амма Грозненски муниципальни кIоштан администрацин ницкъашца хIара дерриге а данне а далур долуш дацара», – дуьйцура Р.Абазовс.
Цо дийцарехь, Грозненски кIоштара кхин а 35 цIа ду доха гергадахана лерина.
«Оха дIахьош ду законаца бакъо йоцуш йина, цхьа а кехат доцуш муниципальни лаьтта тIехь йина объекташ дIаяхар. ХIокху шеран чиллин (февраль) баттахь Грозненски кIоштан администрацис боккха болх бира хIусамашна, цIеношна, некъашна, кхечу объекташна инвентаризаци еш. Иза боккха болх бу, тахана а чекхбаьлла а бац. Тхо цу декъехь болх беш ду, тхайн гIалаташ дIадахарна тIехь а санна. Кхолладеллачу хьоло гайтина участкови службин а, юьртден а вовшех дагавалар, цхьаьна болх бар цахилар», – дерзийра шен къамел Р.Абазовс.
АМАЛАЕВА Камета
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де