Массо метта газ тасар 2026-чу шарахь чекхдоккхур ду

Пхеа шеран муьрана лерина йолу газаца кхачояр кхиоран а, газ тасаран а программа Нохчийн Республикехь кхочушъяр дIадолор ду 2021-чу шарахь.

«Газпромо» ПАО-хь хаам бина ма-хиллара компанис билгалъяьхна инвестицеш 12,3 миллиард соьман барамехь ю. Уьш 3,1-зза алсам ю 2016–2020-чуй шерашкахь хиллачул.

«Газпром» 1 300 километр газан биргIанаш йохкур ю ТIехьа-Мартан, Грозненски, Гуьмсан, Итон-Кхаьллан, Курчалойн, Хьалха-Мартан, Шелан кIошташкарчу 25 юьртахь. Цуьнца цхьаьна газ юьгур ю ГаланчIожан кIошта а. Таханлерчу дийнахь еккъа и цхьа кIошт ю республикехь газ йигаза.

Программица билгалдеш ду ярташна юкъахь газ тасар, Къилбаседа Кавказан туризман кластерна юкъайогIуш йолчу «Ведучи» курорте газ йигар.

2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу денна болчу хаамашца Нохчийчохь газ тасаран барам 98,2 проценте кхаьчнера, цу юкъахь гIаланашкахь – 98,3 проценте, ярташкахь – 95,2 проценте.

Пхеа шарна лерина программа кхочушъярца доьзна 2026-гIа шо тIекхочуш республикехь дуьззина чекхдоккхур ду газ тасар. ТIаккха Нохчийчохь цхьа а юрт хир яц газ йоцуш.

Хь.САИДОВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: