Карара шо чекхдалале Нохчийчуьрчу 117 буоберана хIусамашца кхачо йийр ю. Оцу хьокъехь хаам бира республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министра Баширов Iусмана ведомствон урхаллин аппаратан белхахошца а, говзанчашца а дIаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь иштта дийцаре дира буоберийн хIусамашца долу хьелаш тодаран а, царна пособеш даларан а, гIоленаш яран а, социальни гIишлошъяран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
Министерствон доьзалан политикин департаментан директора Абубакаров Шедида дийцарехь, регионехь хIусамашна рогIехь лаьтташ 2 097 бер ду.
2010-чу шарахь дуьйна 2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхара де тIекхаччалц болчу муьрехь хIусамаш елла 2 253 буоберана. Кхин а 117 хIусам лур ю карара шо чекхдалале.
ХIокху ведомствехь бечу хаамашца нийса а догIуш, кхузаманан дика гIишлош ю еш министерствон структурерчу 10 учрежденина.
Уьш йина евлча кхин а толур ду бахархойн хьашташ кхочушдар а, оцу учрежденешкарчу белхахойн белхан хьелаш а.
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де