Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а объекташ ю. Церан могӀарехь хир ю Нажи-Юьртан кӀоштарчу Айти-Махкахь йийр йолу керла берийн беш а.

Бахархоша дийцарехь, денна а шорлуш, кхуьуш йогIучу юьртана берийн беш оьшуш йолу дуккха а хан яра.
И бахьана долуш, «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин «Стимул» подпрограмма кхочуш а еш, тӀедогӀучу шарахь Айти-Махкахь 80 берана меттиг а йолуш, керла берийн беш йийр ю.
Бахархойн хӀусамашна гена йоццуш хир ю беш. Дийшаран а, кхачанан а блокех лаьтташ хир иза.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Газалапов Ахьмада дийцарехь, иштта, тӀедогӀучу шарахь, Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кӀоштахь а йийр ю керла берийн беш, 240 берана меттиг а йолуш.
Берийн бешахь дийшаран а, кхачанан а, медицинин а блокаш хилла ца Ӏаш, берашна кхиарна а, спорте марздаларна аьттонаш а бийр бу.
ТӀедогӀучу 2021-чу шарахь йина яла езаш ю и ший а объект.
КАНТАЕВ Абумуслим
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де