Хин болчу бIаьхошца цхьаьнакхетар

Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министран Кадыров Хьамзатан дукха хан йоццуш цхьаьнакхетар хилира хинболчу Даймохк ларбархошца.

Кегийрхошца хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан кIентан, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а шен мохк ларбан а, ша ца кхоош, цунна гIаролехь латта а кийча волчуьнга боккха сий-ларам хилар. Ткъа хIинца, кегийрхошна Даймахкана декхар дIадаларна дерриге а хьелаш кхоьллина республикехь.

Хь.Кадыровс декъалвира Нохчийн Республикин тIеман комиссаран дарже хIоттийна Есимбиев Турпал-Iела.

Иштта, цунна а, бIаьхаллин кечамбаран отделан хьаькамна Лулуев Идрисана а республикин физически культурин а, спортан министерствон Сийлаллин грамоташ елира цо.

Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан цIарах спортан инвертараца совгIат дира тIеман комиссариатана.

Гуьйренан тIекхайкхаран (призыв) гурашкахь тIекхайкхинарг республикера 500 жима стаг ву. Царах 400 аьтто хир бу Россин эскаран Къилба тIеман округехь гIуллакхдан, висинчу 100 жимачу стага шайн Даймахкана хьалха долу декхар дIалур ду Нохчийчоьнан дозанел ара а ца волуш.

Магомаев Хан-Мохьмад
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: