Стенна хьажо мегар ду ненан капитал?
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис бечу хаамашца ненан капиталах беа некъаца пайдаэца йиш ю: хIусамийн хьелаш тодарна, берашка дешийтарна, ненан IаIоран пенсина, заьIап бераш юкъараллехь долчу хьолах болийтарна, цунна уьш юкъаозорна.
Оцу ахчанах пайдаэца таро хуьлу ненан капиталана бакъо йолчу беран кхо шо кхаьчначул тIаьхьа. Оццу хенахь долуш ду беран кхо шо кхачаре а ца хьоьжуш ахчанах пайдаэца бакъо луш долу некъаш.
Бер динчул тIаьхьа сертификат схьа ма ийцци доьзалан йиш ю ненан капиталан ахча хIокху Iалашонашна хьажо: – хIусам оьцучу хенахь ипотекина юьхьанцара взнос юкъайилларна, нагахь доьзалан хIусаман кредит делахь, я и кредит эца дагахь белахь, коьрта декхар, я проценташ дIаяларна; – хIора баттахь ахча далийтарна.
Цунна бакъо ло тIебогIуш болу пайданаш билггал лакхара бацахь, шолгIа бер 2018-чу шеран кхолламан (январь) баттал тIаьхьа динехь, я доьзале тIеэцнехь.
ХIора беттан ахчанаш ло беран кхо шо кхаччлц; – школе даха хан кхачаза долчу берийн дешарна, царна юкъадоьлху берийн бошмашка лелаш долу доьзалера даккхий бераш а. Капиталах ахча дала мегар ду кружокашкахь, спортан секцешкахь дакъалацарна, кхечу гIуллакхашна, бакъду, школе даха хан кхачаза долчу берийн учреждени Россин Федерацехь а елахь, хьокъала доллу дешаран хьашташ кхочушдарна цуьнгахь лицензи а елахь. Оцу хьолехь ахча дешаран организацин счета тIе доккху ахча кара дIа а ца луш (безналичный расчет); – заьIап берашна билггалчу Iалашонан товараш оьцуш йинчу харжийн цхьа дакъа меттахIотторна. Царах хила тарло вилспет, кресло, маьнга, хIума хьалаойуш болу гIирсаш, стоьлаш, компьютерш, спортан гIирсаш, кхиаран кхиболу гIирсаш. Цуьнца цхьаьна, заьIап берана доьзало эца билгалдина товар дарба лелочу лоьро къобалдина а, тIаьхьо реабилитацин, абилитацин берана билгалйинчу программина юкъадахийтина а хила декхар ду.
Дагадаийта деза 2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна ненан капитал 616 617 соьман барамехь хилар.
Маьхзачу парковкина – бакъо
Маьхзачу парковкина – бакъо ЗаьIапхо (заьIап бер а тIехь) дIасалелош йолчу машенна маьхзачу парковкина (машен хIотто меттиг) бакъо яккха йиш ю онлайн кепара.
Хьокъала боллу законодательни хийцамаш гIуллакх дан буьйлабелла 2020-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна, заьIапхойн пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ алсамха кхочушдайтарна тIе болчу новкъахь кхин цхьа гIулч хилла дIа а хIиттина уьш.
Заявлени дала йиш ю пачхьалкхан хьаштийн порталехь йолчу шен кабинета чохь, дIасалела билгалъеш йолчу машенан номер, марка, модель йовзуьйтуш.
Маьхзачу парковкина бакъо оьшуш хилар тIечIагIдан оьшуш дац, хIунда аьлча, оьшуш болу берриге хаамаш заьIапхойн федеральни реестран (ФРИ) базехь бу. Ткъа реестран оператор ю пенсионни фонд.
Цул сов, заявлени чудала йиш ю ФРИ-н порталехь йолчу заьIапхочун шен кабинета чохь, я дуьххьалдIа МФЦ-хь (дуккха а агIонаш йолу туш).
Шена тIехь дIасалела волчу машенах лаьцна хаамаш реестрана юкъагIур бу и хаамаш лакхахь билгалъяьккхинчу цхьана кепах пайдаэцначул тIаьхьа.
Пенсионни фондан клиентски службашкахь заявленеш дIаоьцур дац.
Маьхзачу парковкина бакъо кечъяйта йиш ю хьалхарчу а, шолгIачу а тIегIанийн заьIапхойн, я уьш дIасалелочун машенна (царна юкъахь ду заьIап бер а). Иштта парковка ло шаьш дIасалеларца магийначу кхоалгIачу тIегIанан заьIапхошна а.
ХIинца цхьана машенна бен заявлени чудала йиш яц. Оьшуш меттиг хилахь машенах лаьцна хаамаш хийца бакъо ю керла заявлени яздарца. Нийса лорур бу тIаьххьара чубелларш. Хаамашна тIехь хилла хийцамаш реестрехь билгалбевр бу 15 минотан хеначохь. Цо таро хуьлуьйту шена тIехь заьIапхо гIур волчу ур-атталла таксин номер реестрана юкъаяхийта а, заьIапхошна леринчу меттигашкахь машен сацийтархьама а, гIуда ца тохийтархьама а.
Реестрана юкъабахийтина хаам берриге махкахь баьржаш бу, цундела билгалъяьхначу машенаш хIитторан меттигех пайдаэца йиш ю муьлххачу а регионехь. Реестрана тIекхочийла хир ю юкъараллин меттигашкахь иштта парковкаш билгалъеш йолчу ерриге субъектийн Iедалан органийн.
Хенал хьалха пенсе ваха бакъо
Сцени тIехь, театрашкахь, я театрийн организацешкахь кхоллараллин гIуллакхаш деш болчу Нохчийн Республикин бахархойн бакъо ю шайна хенал хьалха къанваларна страховой пенси хIоттадайта.
Гражданийн оцу категорина хенал хьалха пенсе баха луш йолчу лерринчу стажан йохалла кхоллараллин гIуллакхийн амале хьаьжжина 15-нна тIера 30 шаре кхаччалц ю. Уьш пенсе бахаран хенаш хIиттайо кхоллараллин гIуллакхийн тайпанца доьзна, 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна гIуллакх дан буьйлабеллачу пенсионни законодательствехь хилла хийцамаш хьесапе а оьцуш, пенсе ваха йолу бакъо хиларан шо тидаме а оьцуш.
Амма коьртаниг ларалуш ду законодательствос билгалйина кхоллараллин гIуллакхийн стаж хилар.
Кхин цхьаъ а ду коьрта лоруш – пенсин коэффициентийн дукхаллин барам. 2020-чу шарахь уьш хила еза 18,6-ннал кIезиг йоцуш. 30-га кхаччалц хIора шарахь коэффициентийн дукхаллин барам 2,4-нна тIекхетар бу.
Керла динчу берана СНИЛС кечдайта оьшуш дац
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис дIахоуьйту керла динчу берашна хIинца дуьйна СНИЛС кечдайта ПФР-е дехарш дан оьшуш цахилар.
Беран СНИЛС кеч а йина, цуьнан шен лицевой счетан номерх лаьцна болу хаам пачхьалкхан хьаштийн порталехь йолчу ненан шен кабинете боуьйтур бу. Оцу сервисах пайдаоьцийла ду пачхьалкхан хьаштийн Цхьааллин порталехь (ЕПГУ) регистраци йинчу дай-нанойн.
Бер шайн цIартIе даьккхинчу дай-наношна СНИЛС кечдаран хьалхалерра кеп юьсуш ю, хIунда аьлча, бер шайн цIартIе даьккхинчу дай-наношка шайга бен балалур бац оцу гIуллакхна оьшуш болу хаамаш.
ПФР-н электронни хьашташ
Пенсионни фондан говзанчашка дехарш дечу регионан дукхах болчу бахархошна хаа лаьа IаIоран пенсех дерг, ахча муьлхачу организацехь, болх луш болчара мел ахча диллина IаIоран счета тIе.
Фондан меттигерчу отделенис хоуьйту пачхьалкхан хьаштийн порталехь хьесап даран чIагIдина йоза хилчхьана оцу хаттаршна жоьпаш бахархошна шайна девзарг хилар. Чуьра ара а ца волуш, буьззинчу барамехь берриге хаамаш бовза аьтто хир бу хIораннан а.
IаIоран пенси муьлхачу организацехь – Россин Пенсионни фондехь, я пачхьалкхан йоцчу Пенсионни фондехь кхоллалуш ду, ткъа иштта ахчанан юкъарчу барамах дерг хаа йиш ю онлайн рожехь.
Цунна оьшуш дерг ПФР-н сайта тIехь йолчу гражданинан шен кабинета чувахар ду. Цигахь «Пенсин IаIорийн ахчанна урхалла дар» аьлла долчу декъехь схьахаржа беза «Пенсийн IаIораш кхолларехула волчу страховщиках лаьцна хаам».
И хаам нийса хилар талла йиш ю пачхьалкхан хьаштийн порталерчу шен лицевой счета тIехь долчу йозанийн гIоьнца.
Ша цига дIа а вахана, Пенсионни фондан клиентски службашкахь а, дуккха а агIонийн туьшашкахь а (МФЦ) йолчу лицевой счета тIера выписка схьаэца таро а ю гражданинан. Амма коронавирусан инфекци яржарца доьзна деш долу гIуллакхаш бахьанехь кхолладеллачу хьолехь порталах пайдаэцча гIолехь хир ду.
Нагахь ахча пачхьалкхан урхаллин компанехь (ВЭБ) делахь, хаамна тIехь билгалдаьккхина хир ду, инвестицешна юкъадиллинарг хьесапе а оьцуш, IаIорийн дерриге ахча. Ткъа пенсийн IаIораш пачхьалкхан йоцчу Пенсионни фондан урхалле дIаделла хиллехь, хаамна тIехь билгалдаьккхина хир дац ПФР-е дIаделла ахча бен.
БIаьрса ледара долчарна
Фондан регионехь йолчу отделенехь бечу хаамца бIаьрса ледара долчеран хIинца таро ю Россин Пенсионни фондан сайта тIехь тайп-тайпанчу материалашка ладогIа. Иза дан таро хилла сайта тIехь «озан ассистент» юкъаялор бахьанехь.
Боцца хаамаш бовзийтарал сов, цо дIайоьшу яккхий статьяш а.
Мехкан пачхьалкхан учрежденешна юкъахь массарал хьалха юкъаялийна иза Пенсионни фондо.
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикера отделени Хаамаш зорбане кечбинарг – ХАНУКАЕВА ДАГМАРА
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де