Имам аль-ГIазали дукха хьалхе байлахь висира. Байлахь висина волу иза а, цуьнан ваша а хьуьжаре дIавелира. Хьуьжарехь яа хIума а лора, дIавижа меттиг а хуьлура. Верас воцуш висинчу шина кIантана доккха хIума дара иза.
ТIаьхьа, ша воккха хилча, Абу Хьамид аль-ГIазалис яздира: «АллахIан дуьхьа а доцуш Iилма лаха волавелира тхойшиъ, делахь а АллахIана лиира иза деккъа Шен дуьхьа хуьлийла».

Цуьнан да чIогIа лиъна вара шен кIанта бусалба Iилма Iамадойла, цуьнга чIогIа сатесна а вара, хIунда аьлча, цуьнан аьтто ца хиллера Iилма Iамо.
Цуьнан дерриге а дахар хьанал къахьоьгуш, доьзална напха латто гIерташ чекхделира.
Шен сатийсам кхочуш ца хуьлуш ша валарчу вирзича, цо шен лулахочуьнга дийхира шен берашна Iилма Iамо гIо дахьара ахь аьлла. Иза суьпа стаг вара. Цо дош делира цуьнан дехар кхочушдан. Шен дош лардеш, ши кIант хьуьжаре дIавелира цо.
Имам аль-ГIазалис боккха сий-ларам бора хьуьжарерчу шен хьехархойн. Цаьрца гIиллакхе вара иза.
Iилма Iаморна доггаха тIевирзира иза. Цу тIехь кхиамаш а бара цуьнан. Иза ца гойла а дацара. МутаIеламашна юкъахь билгалвара иза Iилма дика схьалацарца, Iилманах дика а, сиха а кхетарца. Цуьнца цхьаьна чIогIа гIиллакхе а, эхь-бехк долуш а вара кIант. Iилмане йолу шен хьогалла йойъуш, шен хьекъалан сутаралла йойъуш дукха къахьегна аль-ГIазалис.
Делахь а, шена Iеминчух, ша духе кхиъначух тоам ца бина цо. Цуьнан даго лоьхура Веза а, Сийлахь а волчу АллахIана герга вуьгу некъ.
Дуьненан бахамаш, хазаллаш йитина, даго бохург деш, шен дерриге а дахар дIаделла цо эхартахь пайден хин долу гIуллакхаш дарна, Iилма Iаморна.
Шен «Iехадаларх хьалхадовлар» жайни тIехь имама бовзуьйту суфийн некъ, дуьйцу ша оцу некъа тIе муха велира.
«… И Iилманаш (калам, философи, тилимитийн Iилма) Iамийначул тIаьхьа ас сайн тидам тIебахийтира тIарикъаташ Iаморна, суфийн тIарикъат Iаморна къаьсттина».
Цу тайппана шен даго, сино бохург деш Имам аль-ГIазали хIокху дуьненан хазаллех вазарх дIахервелира, АллахIана Iамал-Iибадат дарна тIевоьрзуш. Цо 11 шо адамех хервелла, халбатахь даьккхира.
«… Халбатахь даьхначу шерашкахь суна «схьаделладеллачу», суна девзинчу хIуманех лаьцна дийца дешнаш тоьар дац, царах цхьа а кхеталур а вац. Деккъа цхьаъ эр ду ас, адамашна пайдехь хилийта. Суна къеггина бакъ хилла даьлла хIума ду Лекха а, Сийлахь а волчу АллахIана тIебоьдучу некъа тIехь нисбелларш суфиш хилар. Церан дахаран кеп – уггаре а дика масал ду, церан некъ – уггаре а тоьлла некъ бу, церан гIиллакхаш – уггаре а цIена гIиллакхаш ду».
Иштта лакхара мах хадабо Имам аль-ГIазалис суфийн, цара дечу IамалIибадатан, церан ийманан, гIиллакхийн, дахаран, леларан. АллахIан некъа тIехь нисбелларш уьш хилар чIагIдо цо, шайн Iилманца а, хьехамашца а. Цаьрга нисдаларе, царах масал эцаре кхойкху цо бусалбанаш.
Имам аль-ГIазали ша бакъдуьнена дIаваххалц бусалба дин Iамош а, ша Iамийнарг дIахьоьхуш а хилла. Цо ша а ма аьлла: «Соьга далуш долчух уггаре а диканиг ду Iилма Iамор а, Iилма хьехар а».
Цу шиннах а тоам хуьлуш ца хилла цунна. Аль-ГIазалина бIеннаш эзарнаш хьадисаш дагахь хууш хилла, хIора дийнахь Сийлахь Къуръан доьшуш хилла цо, юьххьера дуьйна чекхдаллалц. Цуьнца цхьаьна дукха жайнаш яздеш хилла цо.
Уьш Европехь латинин матте дохуш хилла, жуьгтийн Iилманчаша ивритан матте дохуш хилла. Имам аль-ГIазалис Iаламат боккха тIеIаткъам бина Iаьрбийн а, Европин а философина.
Тахана а, Имам аль-ГIазали кхелхинчул тIаьхьа бIеннаш шераш девллехь а, цуьнан жайнаш боккха сий-ларам болуш а, Iеламнаха шайх дукха пайдаоьцуш а ду.
Цуьнан хьехамаш, хьекъале дош бахьанехь дукха нах нийсачу некъа тIе хIиттина, Дела везаре а, Дела вовзаре а кхаьчна.
С.ХАСАНОВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де