Х1окху деношкахь Т1ехьа-Мартан районерчу Культурин ц1ийнехь билгалдаьккхира районан №2 йолчу школехь музыка хьоьхуш йолчу Культурин хьакъйолчу белхахочун Дышниева Асетан 55 шо кхачар. Цигахь дакъалаца баьхкинера цуьнан белхан накъостий а, гергара нах а, иза евзарш а. Цхьаьнакхетар дIахьош вара Альтемиров Iаьрби. Хьалхара дош олуш вистхилира иза:
«ХIора адам цхьацца похIма хиларца билгалдолу. Книгаш арахецна я дийцарш яздина гIараяьлла а яц Асет. Адамехь хила езаш йолу уггаре а коьртаниг – адамалла ю цуьнгахь. Берашна хелхарш а, эшарш 1амош, Асет схьайог1уш йолу дуккха а шераш ду. Шен белхан декхаршца дика ларош а ю иза».
«Хьехархо – уггаре а хала а, жоьпалле а болх бу. Хьехархо – сийлахь цIе ю. Хьехархочун болх дукха я кIезиг бина хилар дац коьртаниг. Хьох юьсуш ерг хьох яьккхина цIе ю хьуна Асет», – элира Гакаев Iаьрбис.
Асет декъалъян а, цунах дика дешнаш ала а луурш дуккха а бара цигахь. Асетах лаьцна къаьсттина хаза дешнаш элира цуьнан белхан накъосташа. Цара лаккхара мах хадийра цо бечу белхан.
А.Дышниева шен белхан декхаршца ларош хиларна тоьшалла деш Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалло даийтина кехат дийшира Альтемиров Iаьрбис. Асета хьоьхуш йолчу дешархочо (№2 йолчу школин) Сельмурзаева Залинас байт ешарца декъалйира шен хьехархо.
Цул тIаьхьа концертни программа гайтира. Нохчийн пачхьалкхан филармонин артиста Дамбаев Мохьмада, иштта къоначу иллиалархочо Могаев Мохьмада иллеш элира, Амерханова Хадишта эшарш лекхира. Исрапилов Денис забарш ярца самукъадаьккхира Асетан а, хьовсархойн а. Концертни программа йирзинчул тIаьхьа, баьхкинчеран дехарца, Асета (музыкин хьехархо ша хиларе терра) шен дешнаш тIехь яьккхина йиш лекхира. Цул тIаьхьа, Асета ша лара а лерина баьхкинчу хьешашна а, массарна а баркалла олуш дирзира цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо