Арсанов Бауддин (БахIин) зерат

Арсанов Баудди (БахIа) дуьнен чу ваьлла 1893-чу шарахь Нохчийчохь а, луларчу мехкашкахь а дика вевзаш хиллачу эвлаяан Дени-Шайхан доьзалехь.

Бераллехь БахIа шен нийсархошна юкъахь къаьсташ вара эхь-бехк чIогIа хиларца.

Цо бусалба дин а, дахаран Iилма а Соьлжа-ГIаларчу хьуьжарехь Iамийра. Цунна шерра хаьара Iаьрбийн а, оьрсийн а меттанаш.

Ша Iамийна Iилма дIахьоьхуш а, адамаш бусалба дине кхойкхуш а вара иза.

Нохчийчохь революцин карчамаш хуьлучу муьрехь цIеяххана юкъараллин — политикин гIуллакххо хуьлий дIахIутту Арсанов Баудди. Цуьнан боккха сий-ларам хуьлу нохчийн халкъана юкъахь.

Делахь а, цуьнан коьрта болх хуьлу адамаш цIеначу дине кхайкхар, царна хьехамаш бар, уьш кхетор.

Дени-Шайх кхелхинчул тIаьхьа эвлаяан дарж цуьнга дIакховдадо Гойсумов СоIийп-Моллас.

Дакъалоцуш Нохчийчуьра сий-лараме дуккха а Iеламнах а болуш, дIахьош хиллачу йоккхачу мажлисехь СоIийп-Моллас дIакхайкхадо эвлаяан дарж Бауддига дIалуш хилар.

Оцу хенахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Шалажа юьртахь Iаш хилла БахIа. Цигахь Iаш хиллехь а цо юххера зIе латтош хилла Грозненски кIоштан Галнерчу шен гергарчаьрца.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу шерашкахь Арсанов Бауддис дакъалецира Теркаца дуьхьалонан чIагIонаш ечохь.

Везачу АллахIах а, Iусман-Хьаьжас аьллачух а дог тешна хиларца шен бусалба вежарий тIамна ир-карахIиттабора цо. Ткъа Iусман-Хьаьжас иштта аьлла хиллера: «Немцойн эскаран ницкъ кхочур бац Теркал сехьа дала а, Соьлжа-ГIала схьаяккха а».

Цо аьлларг гал а ца хилира. Мел боккха ницкъ Теркайисте оьзна хиллехь а, фашистийн Соьлжа-ГIала схьаяккха аьтто хилла цахилар гайтина вайна историс.

Иштта, ша кхалхале дикка хьалха БахIас а аьлла хилла ша маца, муьлхачу дийнахь кхелхар ву. Цо ма-бохху нис а делла.

Иза кхелхина 1962-чу шеран асаран (июнь) беттан 11-чу дийнахь. ДIавоьллина Хьалха-Марта гIалин кешнашкахь, шен дена Дени-Шайхана юххехь.

Арсанов Бауддин муридаша цуьнан коша тIехь къуб йина, зерат дина.

Нохчийчуьра тIемаш чекхбевллачул тIаьхьа тодина, хаздина, къагийна дIахIоттийна зерат, экъа а юьллуш, тойина цунна хьалхара майда а, цунна тIебогIу некъ а.

Устазан муридаша а, цуьнан тIаьхьенех болчу наха а леррина Iалашдеш латтош ду зерат.

Денна бохург санна, дуккха а адамаш оьху цига. Царна юкъахь цуьнца ваIда ерш хилла а ца Iа.

С.ПАШАЕВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: