Бусалба дин а, лоьралла а

Адамийн эзарнаш шерийн оьмарехь цомгаш хиллачарна дарбанаш лелор, коьртачу декъана, доьзна хилла халкъашна зеделлачуьнца, доIанаш дарца.

Адамаш къаьсттина халчу хIуьттуш а, шаьш хIун дан деза ца хууш, гатлой хьаьвзаш а хилла стаг коьртана галваьлча, тиларчу вахча. Масала, Ширачу Желтойчохь стаг коьртана галвалар, хьеравалар, цуьнан къинош бахьанехь, Дала цунна дина таIзар лоруш хилла.

Дуьненахь бусалба дин даржа доладелча, вуно баккхий хийцамаш хилла Iилманан дерриге а дакъошкахь, цу юкъахь медицинехь а. Бусалба лоьраша стаг галвалар, хьеравалар цуьнан сица дузуш хилла, иза шатайпа хьал лоруш хилла.

ТIаьхьа бусалба лоьраша, ша къаьсттина, Iилманан цхьа дакъа лерина иза – психологи. Психологих бусалба лоьраша «Илядж ан-нафс» (синна дарба дар) а, Тиб аль-къалб (дагна дарба дар) а аьлла.

Исламан лоьраша кIорггера Iамош а, толлуш а хилла, кхиамца дарбанаш лелош а хилла син хьолаца йоьзначу дуккха а цамгаршна, цу юкъахь эпилепсина а, депрессина а, параноидальни хьолана а.

Дукхах йолу больницаш яхка йолийна бусалба дин даржа доладелча. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь Мединатерчу ан-Наби маьждигехь дира дуьххьарлера дарбанцIа (лечебница).

ТIаьхьа, IХ-чу бIешарахь БагIдадехь (Иракъ), паччахьа ХIарона ар-Рашида куьйгалла дечу хенахь, дарбанаш лелоран туш схьайиллира.

Цигахь дарбанаш леладора дуккха а цамгаршна. Оцу туьшахь къаьсттина тидам тIебохуьйтура сица йоьзначу цамгаршна дарба дарна.

Бусалбанаша оцу дарбанцIийнах «Бимаристан» олура. ГIажарийн маттахь «аьхна цIа» бохург ду иза, цомгашчу нехан дола, Iуналла деш долу.

Оцу туьшахь болх беш хиллачу лоьраша а, лорйижарша а цхьабосса лерина гIайгIа бора берриге а дархойн. Хьесапе ца оьцура уьш муьлхачу динехь, къомах, махкара бу бохург. Массаьрга а цхьатерра дика хьовсура.

Бимаристанехь чухчари, библиотека, беш, хьехамаш беш зал, аптека, кхачанан чоь, бедарш юьтту чоь, ламазан чоьнаш (бусалбанашна а, кхечу динехь болчарна а) хила езаш яра, хуьлуш яра.

Ирсе хьал а, аьхналла а хетийта дарбанцIийнехь пайдаоьцура хаза хьожа йолчу IатIарех а, мискех а. Божаршна а, зударшна а шайн-шайна къастийна гIишлош яра.

Уьш ерриге а бегIийла хьелаш долуш яра. Зударшна дарбанаш деш лоьраш-зударий а, лоьраш-йижарий а хуьлура, ткъа божаршна-лазархошна дарбанаш деш божарий-лоьраш хуьлура.

Цул сов, дархой палаташка дIасабекъна бара шайн цамгаршка хьаьжжина: уьне цамгарш ерш – шаьш, бIаьргаш лозуш берш – шаьш, пехашца лазарш дерш – шаьш, и.дI.кх.

Сица лазарш долчу дархошна къастийна шайн гIишло яра. Уггаре а коьртаниг – берриге а цомгашчарна кхачойина яра оьшуш мел долчуьнца.

Бимаристан цуьнца цхьаьна лоьраша шайна зеделларг довзийтаран а, хин болу лоьраш Iаморан а туш яра. Леррина экзаменаш дIаеллачул а, леррина бакъо еллачул а тIаьхьий бен лоьралла дан бакъо яцара, лелор чIогIа доьхкуш а дара, хIунда аьлча, медицинин Iилманна тIе а тийжаш динчу дарбано бен лазархочун могашалла меттахIоттош цахиларх кхеттера хIетахьлера бусалба лоьраш. Цара маггане а магош дацара, дарбанаш леладо бохуш, бозбуанчалла лелор.

Цул тIаьхьа кIеззиг хан яьлча, психологих медицинин къаьсттина Iилма хилира. Дуьххьарлера психиатрин дарбанаш дира Алеппохь, БагIдадехь, Къаирехь, Фесехь, Кордовехь, Къайруанехь, Истамбулехь. Оцу дарбанцIеношкахь дарбанаш дора сица лазарш долчарна, корта галбаьллачарна.

ХII-чу бIешарахь малхбузерчу пачхьалкхашкара некъаш гездархой кхечира бусалба пачхьалкхашка (Шема, Мисара, Иракъе и.дI. кх.). Уьш инзарбевлла бара кхузахь медицина кхиаран тIегIанах.

Цара яздира бусалба психологаша пайдаоьцучу терапевтин кепех, стеган сапаргIат даккхаран говзаллех, бимаристанашкахь долчу вуно аьхначу хьелех лаьцна. ХIора дархочунна юххехь гIоьнча хуьлура иза дIасаволуш.

Набъяйна (наб кхеташ боцу) дархо масала, лерринчу цIа чу охьавуьллура. Леррина Iамийна волчу говзанчас цунна дика мел дерг дуьйцура, сапаргIатдоккхуш, ойла набарна тIеерзош.

Таханлерчу дийнахь а дерриге а дуьненахь кхиамца пайдаоьцуш ю сица цамгарш йолчу дархошна дарбанаш даран кепаш. Ткъа уьш Ислам кхоллалучу муьрехь бусалба лоьраша юкъаяьхна а, зийна а ю.

Мах хадийна ца валлал йоккха хазна юкъайиллина дуьненан медицинина, ша аьлча, психиатрина бусалба лоьраша.

С.ХУСЕЙНОВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: