Олуш ма-хиллара, «диканиг, некъах тилла, цхьанахьахула йорт еттий, хенахь схьа ца кхочу, ткъа вониг масачу махал а сиха неΙаре хΙутту». Иштта хилира кхеран хΙусамехь а: доьзалехь цхьанна а дагахь дацара, доккхачу дегΙахь а, самукъане а, гуттар а елаеллла, екхаелла йолу Румиса цамгаро лоцур ю аьлла. ХΙан-хΙа, цуьнан амалца, куьцаца догΙуш дацара иза. Амма цамоьттург хуьлуш зама ю-кх хΙара.
Москварчу лоьрашна тΙе а йигна, таллам бича, цунна вон цамгар ю элира. Вай олу цунах «вон цамгар» ваьшна иза тΙелаца цалаарна, иза цаезарна, амма дика-м цхьа а яцара уьш – гучуяьлларг онкологи яра.

Румиса тΙаьхьарчу хенахь шек яра, шен могашалла галъяьлла ю аьлла, цхьацца сиркхонаш лехьош ша хиларна. Амма майрачо Мансура ша лоьра тΙе юьгур ю хьо аьлча, цхьацца бахьанаш лоьхуш, больнице яхар тΙаьхьатоьттура цо. Иштта масех бутт дΙабелира.
Эххар а, шен хΙусамдас а, бераша а, вежарша а сагатдарна лоьрашна тΙеяхара Румиса. Схьахезнарг ирча дара… Дерг хиъча, чΙогΙа холчухΙоьттина яра хΙара ша а, кхуьнца баьхкина вежарий а. Амма дан хΙума дацара – тΙехΙоьттинарг ца лайча ца долура.
Лоьраша Румисина дарбанаш лело долийра. Хала мур бара зудчунна тΙебеанарг, амма халонаш, лазарш, эшамаш лан безара. Цамгаро ца хоржу вайна юкъара диканаш я вонаш, къонанаш я къенанаш – цунна-м бен ма даций, вай мухха хилча а. Цамгаро шен къиза болх бо.
Ткъа вай, Делан гΙоьнца, цунна дуьхьал къийсам латтабо вешан ницкъ мел бу. Ишттачу къийсамехь яра Румиса а – шен ницкъ ма-кхоччу, цамгарна кΙел ца йиса гΙерташ, къахьоьгура цо. Цунна масех сеанс химиотерапи йира. Иза атта болх бацара, дегΙера ницкъ дΙа а боккхий, стаг кΙелвуьтуш хΙума ду иза.
Ткъа хΙун дийр ду? Ца дича ма ца долура иза. Дуьххьара химиотерапи а йина ша цΙа еача, мел вон хьал шегахь делахь а, къар ца яла гΙерташ, доцчу денца шега хьажа веанчунна дуьхьал юьйлуш, хьалха санна забаре а, самукъане а хила гΙерташ, къахьоьгура цо.
Амма гуш дара, мел хала ду цунна иза: елаяла гΙертахь а, бΙаьргаш сингаттаме бара, садеΙар паргΙат дацара, ирахь дукха ца латталора.
Ишттачу меттехь хьал-де хаа тΙехΙуьттучу наха ницкъ ма бо цомгашчунна, шаьш и бой а ца хууш. Шега хьажа ца веара хьенех аьлла, шайх бехк баккхарна кхоьруш, лела царах дукхахберш, амма цомгашчунна мел хало хуьлу шаьш бахьанехь шайна хаьахьара, ца богΙуш, цΙахь-м Ιийр бара уьш.
Цкъа Мансур хьалххе балхара цΙа веара, хΙусамнана цомгаш хиларна, цΙера гΙуллакх ледаро долу дела. Румиса йолчу хΙара чуваьлча, ша Ιуьллучуьра хьалаайаелла, маьнги тΙехь охьахиира иза.
– Руми, ΙадΙехьа, ма гΙаттахьа хьала, паргΙат хилахь, – элира кхуо цунна хало ян ца лууш.
– ПаргΙат яра со-м. Ιилла а кΙордийна, – аьлла, гΙийла елакъежира иза.
Мансура тидам бира, цо шен коьртара йовлакх, мас къайлайоккхуш, къевллина дихкина хилар.
– Хьо ма дΙахьулъелла, хΙумма а хиллий?
– ХΙан-хΙа…, – иза тΙехьа йирзира, шен бΙаьргех охьахьаьвдда хиш къайладаха гΙерташ.
– Дера, хилла цхьаъ-м … Собар де, вон хета хьуна? Лоьрашка кхойкху ас, – Мансур неΙарехьа дΙаволавелира.
– Ца оьшу лоьрашка кхайкха … церан суна дан гΙо дац. ХΙара гой хьуна? – Румисас йовлакх схьадаьстира.
Мансур, Ιадийча санна, висира: зудчун исбаьхьа чΙаба яцара, юххец иза дΙахадийнера цо.
– Ойн, и хΙун ду ахь динарг? ХΙунда хадийна ахь иза?
– Хьуна ца гора, сан коьртара месаш канашкахь схьаюьйлуш ма яра?
– Сихъеллий те хьо иза дΙахадо?
– Ша охьа ца йожийта ас дΙахадий-кх иза, стаг, сайна мел хала делахь а, – Румисин юьхьа тΙехула охьаоьхуш бΙаьрхиш дара. – Беран хенахь дуьйна коьрта тΙера чо хадийна ма яцара со.
Мансуран дог Ιаьвжира: «Маржа дуьне яΙ! Хьо къиза кхоллам! ХΙунда хили хΙара дерриг а?»
– ХΙумма а дац, Руми, хьан кхин а хаза месаш хьалаевр ю хьуна! – зуда теян гΙертара иза.
– Евр яра уьш-м, хила йоьгΙнехь … вуьшта хьалха санна-м хир яц , – халла къурдаш дора цо, ца елха гΙерташ. – Хьалхалерниг дΙадаьлла, стаг, иза кхин цкъа а… юхадогΙур дац… Сан цхьа дехар ду хьоьга. Дош лохьа, айхьа иза кхочушдийр ду алий.
– Ахь хΙун до? Хьо весеташ дан ма йоьлла.
– Весет ду-кх сан хьоьга: хьайгахь цхьажимма а сох къинхетам белахь, и сан чΙаба … сан марчо юккъе йиллийталахь, со дΙаяьлча… Дош лохьа суна, айхьа иза кхочушдийр ду алий!
– Руми, дΙаяла, ахь хΙун дуьйцу! Хьуна гΙоли хир ма ю!
– Делан диканах дог ца диллина ас, Цуьнан къинхетам боккха бу … гΙоли а хир ю, Дала мукъ лахь… Вуьшта, сан дехарна хΙун олу ахь?
– Руми, ас дош ло хьуна, нагахь хьан Ιожаллин хан хьалха а хилла, хьо сол хьалхаялахь, ас хьан чΙаба хьоьца дΙахьарчайойтур ю аьлла…
– Стаг, Дела реза хуьлда хьуна. Суна хаьа, хΙара хилларг хьуна а, суна санна, новкъадеаний, амма дан хΙума дац вайн, Делан кхиэл ю-кх вайна юкъахь лелаш. Сан чΙаба суна мел дукхаезара хьуна ма хаьара… – цуьнга елхар иккхира, делахь а, цу сохьта, собаре а хилла, цо элира:
– КъинтΙера валалахь суна сан ледарлонна… Со доьналлах йоьхна яц хьуна… вуьшта, собаре хила хала ду суна – де эшна, – хих буьзначу бΙаьргашца Мансуре хьаьжира иза.
ХΙара-м ша а ма вара холчухΙоьттина дукха цунах къахетарна, ша хΙун дийр ду ца хууш, хьалагΙоттуш, охьахууш, синтем байна дΙасахьийзаш.
– ХΙумма а дац, Руми, хьо-м яц йоьхна, хьоьгахь санна, доьналла делара кхечаьргахь а, хьо-м хьаха ю къонаха…
Руми – иштта йоккхура кхуо шен зудчун цΙе, ткъа шо хьалха шаьшшиъ цхьаьнакхетчхьана дуьйна а.
Кхушиммо ирсе а, бертахь а цхьаьна хан яьккхинера, ерриге а халонаш, цатемаш а эшош, яхь а, оьздангалла а ларъеш.
Румисин чΙогΙа хаза чΙаба яра, берриге а гергара а, бевзаш болу а къона зударий а, мехкарий а кхунах хьега а хьоьгуш.
– Румиса, Делан дуьхьа дийца, ахь хΙун до оцу хьайн месашна, ма еха а, хьийкъина а ю хьан уьш? – аьлла, царах цхьамма шега хаьттича, – ВаллахΙ, ца до кхин леррина цхьа а хΙума, аш санна, сайн хеннахь корта а буьлу, со реза йоцу шампунаш а ца лелайо, – олура цо.
Ловзар я хьаша-да веана, пондар локхуш, бал боккхуш меттиг хилча, нехан дехарца хелхайолура Румиса. Массо а цуьнга хьожий вуьсура, иза инзаре хаза яра: тайна куц-кеп, хаза юьхь-сибат, настарех кхеташ еха чΙаба.
ГΙургΙезан тΙемаш санна, дΙасадахийтина куьйгаш тайна лелош, байн ког шаршош, лаьттахула иза хелхарехь дΙайоьдуш, тΙомаяьлла йоьду моьттура. Ткъа цо го боккхуш, иза хьаьвзича, тΙомайолий кхуьнан чΙаба а хьаьвзара.
Оцу суьртах воккхавера жима а, воккха а, цундела лаьара нахана хΙара халхаяла, кхуьнан лелар а, оьздангалла а, хазалла а шайна товш хетарна.
Ша дΙайижале месаш шаръян хуура иза куьзгана хьалха. Цу хенахь Мансур цуьнга хьоьжуш Ιара, шен цунах воккхавер лачкъо а гΙерташ. Инзаре хаза, боьмаша басахь месаш хуьлура зудчун букъа тΙехула охьахоьций, лаьтта охьакхаччалц.
КΙедачу гΙанта тΙехь куьзгана хьалха Ιара иза, корта шарбеш. И болх цо хΙора буса а беш бара …
– Ма кΙордийна суна хΙара месаш, йоцца дΙахедо езара хΙорш, – олура Румисас, майрачуьнга а хьожий.
– ДΙаяла, ахь хΙун дуьйцу, сел хаза йолу уьш дΙа муха хедор ю?
– ХΙун дора кхарах, говран кхес санна йолчу?
– И ма ала, месаш, дера, ю зудчун хазна. Месаш хедийча, ирс дов олуш ца хезна хьуна?
– Хезна… Соьга мичара хедалур яра хΙорш … Ахь хΙун олу хьожуш яра со, – елакъежара иза.
– ТΙаккха-м ца хаьа суна…
Иштта яра кхеран ирсе суьйренаш. Хьанал къахьоьгуш, бертахь Ιаш, беркате доьзал кхиош, схьадогΙура хΙара шиъ. Ма дагахь дацара кхушинна, хΙара ирча сахьт тΙекхочур ду аьлла. Зуда гΙийла а, шен ойланашка яьлла а гича, цуьнгахь долу хьал хууш, Мансур иза теян а, вочу ойланашна тΙера дΙаяккха а гΙертара.
– Руми, ахь сагатдан ца оьшу, хьуна гΙоли хир ю… ХΙорш нахана тΙехΙуьттуш хΙуманаш ма ду, йохий ма хилал хьо.
– ХΙан-хΙа, со йоьхна яц, ас Делан диканах дог ца диллина … я дуьллур а дац цкъа а… – цуьнан бΙаьргех хиш охьахьовдура, – вуьшта, хала ду суна… гΙора ца дисна… Хьуна дагадогΙий, ас хьоьга а ца кхочуьйтуш, мел еза хΙума схьа а оьций, дΙахьоракх, вай чохь цхьаъ дечу хенахь? И хан дага а йогΙий, сайн боцчу ницкъах, могашаллах ойла а йой, елха дог догΙу сан…
– Хьуна хала дуй хаьа суна, Руми, делахь а, хьан собаре хилар а го суна… Кестта хьуна гΙоли хир ю, тΙаккха вай, хьалха санна, дика Ιийр ду, Дала мукъ лахь!
– Дала мукъ лахь… Дерриг а Цуьнан карахь ду…
Арсанукаев Муса
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де