Пачхьалкхан музейн-гайтаман «РОСИЗО» туьшо Россин Федерацин культурин министерствона совгӀатана живописан, графикин, скульптурин дакъошкахула йолчу искусствийн 200 гергга говзар елла.

Юьйцуш йолу говзарш хьалхуо дӀаяьккхинчу Суьрташдахкархойн союзан дуьненаюкъарчу конфедерацин фондан долахь яра. ХӀинца и бахам Россин музейшна дӀасабекъна.
Соьлжа-ГӀалина кхаьчначу совгӀатана юкъахь советийн муьрехь тайп-тайпанчу жанрашкахь дехкина хилла суьрташ ду.
«Нохчийн къоман музейн белхахоша суьрташ битаме далош цхьаболу болх хӀинцале бина. Ткъа музейн изобразительни искуссвийн отделан белхахойн кхин а къахьега дезар ду оцу хӀора а суьртан атрибуци кечъеш (суьртан автор мила ву а, иза маца диллина а, мичахь гайтмехь хилла а къастош). Советийн муьрехь дехкина суьрташ, шо-шаре даларца, мехала довлуш ду», – бохура искусство таллархочо, Нохчийн къоман музейн изобразительни искусствон отделан заведующис Хадчукаева Миланас.
ГӀуран баттахь гайтаме дохур ду и суьрташ.
З.ХИЗИРОВА
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де