Машарца дирзира «Ахматан» а, «Локомотиван» а цхьаьнакхетар

Россин Премьер-лигин чемпионатан 16-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» команда Соьлжа-ГIалахь «Ахмат Арена» стадионан майданахь Москварчу «Локомотив» командица левзира.

Дагадаийта лаьа хьалхарчу гуонехь Москвахь оцу шина командин футболисташна юкъахь хилла матч вайн футболисташ тоьлаш чекхъяьлла хилар.

«Ахматан» оцу цхьаьнакхетарехь хIусамдайн кевна чу кхозза буьрка тоха аьтто белира.

Бакъду, «Локомотиво» а шозза дог дохийра хьешийн. Цхьаьнакхетар, жамI 3:2 долуш, «Ахматан» толамца дирзира. Цундела хIокху цхьаьнакхетарехь а футболисташа бIаьрла футбол гойтур ю аьлла хетара.

Делахь иза ца нисделира. ТIелатархойл дика а, говза а левзира шина командера защитникаш. Цара говза юхатухура тIелатарш, тешам боллуш лардора кевнаш. Оцу хьолехь тIелатархойн кхиаме кхочийла ца хуьлуш чекхделира цхьаьнакхетар.

«Ахмато» а, «Локомотиво» а шайн чоьта тIе цхьацца очко дIаязйира. Цу тайппана таханлерчу дийнахь (16 тур чекхъяьллачул тIаьхьа) «Ахматан» 25 очко ю.

Турниран таблицехь иза ялхолгIачу меттехь ю. Оццул очкош ю «Локомотиван» а.

Делахь а, «Ахматаца» хьалхарчу гуонехь ловзуш эшна хиларна оцу командин цкъачунна ворхIалгIачу меттигах тоам бан дезна.

«Ахматан» футболисташ тIаьхьарчу пхеа турехь кхозза тоьлла, ши цхьаьнакхетар цхьа а ца тоьлаш дирзина. Эшаман къахьо вайн футболисташна йовзаза цхьа бутт ах бутт хан ю. ТIаьххьара а уьш Ростов гIалахь «Ростов» командина ийшира. Иза эсаран (октябрь) беттан 18-чу дийнахь хилира.

РогIерчу турехь вайн футболисташ гIуран (декабрь) беттан 7-чу дийнахь Сочехь меттигерчу «Сочи» командин футболисташца ловза безаш бу.

ХIокху турехь эшна болчу «сочихошна» тIехь толам баккха данне а атта хир дац.

Хь.САЙДАЕВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: