Россин а, Беларусин а хьехархойн форум

Соьлжа-ГӀалахь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Россин а, Беларусин а шеран хьехархойн педагогикин пхьалгӀийн форум хилира.

Университетан 40 шо кхачарна лерина яра форум.

Дешаран хьаьрмахь мехала хилам бара оцу тайпа форум дӀаяхьар, хӀунда аьлча, цхьана майданахь дуьххьара цхьаьнакхеттера шина республикин «Шеран хьехархо» конкурсан толамхой.

Шайн дахар школица доьзна болчу къоначу хьехархойн Россин а, Беларусин а тоьллачу хьехархойн зеделлачух пайдаэца таро хилира оцу форумехь.

Мастер-классаш гойтуш а, презентацеш еш а, дешаран гӀуллакхехь нислуш йолу чолхаллаш дӀаяхарехь керлачу технологех пайда а оьцуш шайна карийна хилла некъаш хьоьхура цара къоначу хьехархошна.

«Вайна ма-хаъара, Россехь «Шеран хьехархо» конкурсан коьрта билгало хрусталан яйзӀок (пеликан) ю, ткъа Беларусехь – хрусталан гӀаргӀули. Тахана Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь шина республикин толамхойхьехархой вовшахкхетта хилар хьесапе эцча, тахана нохчийн махкахь «хрусталан доттагӀалла» тасаделла ала лаьа тхуна. Ангали санна экаме доцуш, амма, иза санна, цӀена доттагIалла. Кхузарчу хьехархойн пхьалгӀан да Динаев Ӏалихан хилар а дика ду. Дешаран форум йоккха дегайовхо ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан юбилей хилча мухалле а. Форуман шина дийнахь хьехархойн пхьалгӀанашкахь дуккха а диканиг, тоьлларг ган аьтто хилла тхан. Баркалла шуна, форуман дакъалацархошна а, хьешашна а! Къаьсттина даггара баркалла ала лаьа университетан ректорна Байханов ИсмаьӀална. Шун дикалла, комаьршалла ца хьахайойла дац», – элира форум дӀаерзош Россин Федерацин серлонан министерствон Дешаран белхахойн говзалла кхиоран а, уьш кечбаран а департаментан директора Милехин Андрейс.

З.ЯХЪЯЕВА
Суьрта тӀехь: форум дӀаерзор
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: