Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан говзанчаша республикин клубийн культурин садаIаран учрежденийн директоршна а, исбаьхьаллин куьйгалхошна а, методисташна а лерина «Культурин-садаӀаран учрежденешкахь социальни-культурин гӀуллакх.

Керла формат» программехула семинаран курсаш дIаяьхьира А.Айдамировн цӀарахчу республикин къоман библиотекехь.
Дешар чекхдаьлча курсан ладогӀархошка жамӀийн тесташ язъяйтира.
Оцу гӀуллакхна жоьпалле вара Халкъан кхоллараллин туьшан директор Даудов Рамзан.
Зама сиха йоьдуш хиларна а, сиха а, дукха а гулло культурин белхахошна шайн белхан декъехь довза а, хаа а дезаш долу керла хIуманаш.
Культурин декъах хьакхалуш долу Россин Федерацин законех а, коммерчески йоцчу организацийн белхан дIахIоттамах а, Къоман «Культура» проектан чулацамах а лаьцна дара курсашкахь дина къамел.
Республикин кIоштийн Культурин цIеношкахь дIаяьхьна хиллачу талламан тестанализех лаьцна а дийцира цигахь.
Ала деза семинарехь дакъалоцуш хиллачу культурин белхахойх дукхахболчара дика хаарш гайтина хилла хилар.
Билгалдаккха деза, хIинццалц культурин цIеношкахь болх бечу цхьаьнакхетараллех кружокаш олура, ткъа хIинца клубийн (формированеш) цхьаьнакхетараллаш олу, ткъа тест-анализех аттестаци олура.
Лакхахь ма-аллара, культурин-садаIаран хьаьрмахь болх беш хаа дезачух, белхан дIахIоттамах, клубан уставах, декхарех, Iалашонех лаьцна дийцира курсашкахь.
Зама хийцаяларца белхан лехамаш а хийцалуш бу. Цундела, культурин белхахошна оьшуш, беркате яра курсаш.
Культурин белхахошна лерина курсаш 2021-чу шарахь а дӀахьур ю.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: семинаран дакъалацархой
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де