Кху деношкахь «Единая Россия» партин декъашхоша «Россина мехала ду хIора бер» экскурси дIаяьхьира. Цигахь дара Веданан районера таронаш ледара йолчу доьзалийн бераш. Экскурси вовшахтоьхнера «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин Региональни исполкомо, партин Веданан меттигерчу отделенин секретаран Илиева Тумишин дIадолорца.
Уггаре а хьалха бераш Аргун гIалахь долчу Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждигехь хилира. Цул тIаьхьа уьш кхечира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни «Сийлаллин Аллей» комплексе.
Уьш леррина хьуьйсура комплексехь долчу суьрташка а, экспонаташка а. Цигара девллачул тIаьхьа бераш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу культурин парке дигира. Цигахь церан таро хилира аттракционаш тIехь хехкадала а, зоопарке кхача а. Дукхах долу бераш цкъа а хилла дацара зоопаркехь. Церан аьтто белира кегий черчий, цIоькъалом, лом, маймалш ган. Берийн самукъадаларан доза дацара. Массо а хIуманна дуьхе кхиа лууш дара уьш. Паркера арадевллачул тIаьхьа, берашка делкъе яйтира. Къоман а, европин а кхача а, коктейлаш а елира царна.
Экскурси ерзош, Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиге далийра бераш. Уггаре а доккха совгIат цигахь хиллера царна: берийн аьтто хилира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассарашка бIаьрг тоха. Маьждига чохь ламазаш дина, ерзийра берашна дуккха а хенахь иэсехь юьсур йолу экскурси.
З.ЛЕЧИЕВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо
