Нохчийн Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин могашалла ледара йолчу берийн отделан ешархошна лерина даздарш дIадаьхьира оццу библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министран заместитель Мадаев Мамед, республикин Къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствон коьрта говзанча-эксперт Инаркаев Iалихан, Нохчийчоьнан культурин а, искусствон а хьакъйолу гIуллакххо, «Нохчо» ансамблан куьйгалхо Шагидаева Дина, Соьлжа-ГIалин мэрин Искусствон а, социальни-культурин департаментан а директор Хасуева Зулай, республикин бIаьрса ледара долчеран лерринчу библиотекин директор Басханова Iайшат.
Лерса, бIаьрса ледара долу бераш а, ДЦП цамгар йолу бераш а, «Маьлхан» (Синдром Дауна йолу) бераш а дара шайн наношца даздаршка даьхкина.
Берийн нанойн дог-ойла гIаттош, царна даггара баркалла олуш, йистхилира С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин директор Эдиева Милана: «Тахана вай билгалдоккхург вайн берийн де ду. Могашалла ледара хиларх вай уьш юкъараллех дIакъестош бац, мелхуо а, царна гIо до, могашчу берийн юкъараллехь шаьш гIийла а ца хоьтуьйтуш, паргIат лела а, шайн меттиг каро а».

Довхачу дешнашца бисхилира Мадаев Мамед а, Хасуева Зулай а, Басханова Iайшат а.
Цара билгалдаьккхира вайна вай бераш дукхадезаш хилар а, могашалла ледара хиларх цаьрга болу безам шеллуш цахилар а.
Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин 4-чу классан дешархочо Сулийманов Тамирлана байт ешарца дIадолийра самукъадаккхаран дакъа.
Хелхарийн а, иллийн а берийн «Башлам» ансамблан а, «Нохчо» ансамблан а солисташа концертан программа гайтира. Берийн даьллачу самукъанан доза дацара.
ВЕГИЕВА Макка
№95, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де