Кадыров Рамзан: Коронавирусана тӀехь герггарчу хенахь толам боккхург хиларх тешна ду вай

Республикехь коронавирусан инфекци дӀасацаяржийтаран декъерчу кадечу штабан кхеташо дӀахьочу хенахь, Нохчийчуьра эпидемиологин хьал довзийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

ГӀуран (декабрь) беттан 7-чу денца богӀуш а болуш, мехкан Куьйгалхочунна бовзийтинчу хаамаша хӀоттийна сурт иштта дара: хьал тӀех чолхе а дац, лоьраш а, республикин Ӏедал а ларош а ду.

Билггал аьлча, больницашкахь COVID-дархошна лерина 1 530 маьнга бу, царах 1 170 бен цара дӀалаьцна а бац. Иштта, цӀахь дарба лелош 1 604 стаг а ву.

Кхуззахь билгалдаккха догӀу COVID-дархошна лерина кхитӀе а 1,5 эзар маьнга кечбан республикин аьтто а, ницкъ а хилар – иза а тӀех сихачу муьрехь.

Делахь а, Кадыров Рамзана цхьана хӀуманна тӀе тидам бахийтира – шайна гӀоле хуьлуш йоллушехь, лоьраша бахарх а, цӀа ца боьлхуш дархой больницашкахь Ӏахкарна.

Оцу наха шайн догӀмаш кхерамашка туьйсуш хилар билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо, чолхе хьал долу дархой тӀеэцарна цара новкъарло еш хилар тӀе а тухуш.

Кадыров Рамзанна хетарехь, и нах кхето безаш бу, больницашкахь дан доггӀу дарба динчул тӀаьхьа, лаахь а, ца лаахь а, дархо шен цӀавоьдуш хила везарх.

Цул сов, Роспотребнадзоран тӀедахкарш кхочуш ца дечу бахархойх лаьцна а дийцира кхеташонехь.

Кадечу штабан векалша хаийтира Нохчийчохь, карарчу хенахь, мӀаьжгаш цалелорца а, вовшашца юкъ (меттиг) цалатторца а доьзна 6,2 эзар сов оцу декъера тӀедахкарш талхор хилла хилар.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира коронавирусана тӀехь герггарчу хенахь толам боккхург хиларх вай тешна делахь а, Роспотребнадзоран тӀедахкарш кхочушдар массарна а цхьабосса тӀедоьжна декхар хилар.

Пандемин муьрехь бахархошна гӀо динчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондан болх а бийцаре бира цигахь.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана хаийтира лакхахь хьахийначу муьрехь фондо 53 эзар сов доьзална ахчанца гӀо-накъосталла дина а, оцу балхана хьажийнарг 780 млн. сов сом ахча хилар а.

И.ИСЛАМОВ
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: