Вайн республикерчу транспортан а, зIенан а министерствос 2017-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь ведомство кхиоран гIуллакхна юкъозийна 1 миллиард 390 миллион соьман барамехь инвестицеш.

Уьш тIехьовсийна автовокзалаш, автостанцеш ярна, автотранспорт эцарна. Оцу хьокъехь журналисташка дийцира Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.
«Инвестицеш тIехьовсийна автобусаш, газелаш, кхийолу техника эцарна, автовокзалаш, автостанцеш, автотранспортан предприятеш, ткъа иштта, транспортан комплексе эвсаре болх байтарна оьшу кхийолу объекташ ярна. Наха йинчу инвестицийн харжийн чоьтах республикехь 2 эзар белхан меттиг кхоьллина», – элира министра.
Иштта, 2017-чу шарахь нехан инвестицеш юкъаозоро таро елира министерствона Соьлжа-ГIалахь «Къилба» автостанци ян. Оццу шарахь вайн пачхьенехь даздаран хьолехь схьайиллира «Малхбузе» дуьненаюкъара автовокзал.
Цул сов, 2019-чу шарахь наха йинчу инвестицийн чоьтах автостанцеш йира Шелковскойхь, ТIехьа-МартантIехь, Курчалойхь.
Оцо таро елира пассажирийн хьашташ кхочушдар керлачу тIегIане даккха, царна дIасалела бегIийла хьелаш кхолла.
Цул сов, Черхигов Рамзана дийцарехь, пачхьалкхан йоцу харжаш юкъаозор бахьана долуш, министерствон аьтто баьлла 180 транспорт эца.
И транспорт тахана вайн республикерчу пассажирийн хьашташ кхочушдеш ю гIаланашкахь а, ярташкахь а, гIаланашкарчу маршруташкахь а.
Министерство кхул тIаьхьа а дIадахьа ойла йолуш ю транспорт алсамъяккхаран а, карлаяккхаран а гIуллакхаш. Цуьнца цхьаьна билгалдеш ду автостанцеш яр.
Герггарчу шерашкахь керла автостанцеш йийр ю Устрада-ГIалахь а, ЧIуьлга-Юьртахь а, ткъа иштта, Нохчийчоьнан цхьамогIа кIошташкахь а. И белхаш инвестицийн чоьтах бан дагахь бу ведомствон куьйгалхой а, говзанчаш а.
Делахь-хIета, кхиаран новкъахь керлачу лакхенашка кхача Iалашо йолуш бу уьш а, церан белхан накъостий а. Ткъа и дерриге а дикачу агIор хаалур ду ерриге а юкъараллин дахарехь.
Д.ПАШАЕВ
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де