Дахаран халчу хьолехь нисделлачу берийн гIолацаран фондо (кхидIа – Фонд), «Деловая Россия» Ерригроссин юкъараллин организацин социальни политикехула йолчу Комитето а, «доьзалан социальни гIолоцаран а, доьзалийн мехаллаш ларъяран а, дай-нанойн къоман ассоциацис а гIо а лоцуш. 2015-чу шеран 1-чу июнера 15-гIа сентябрь кхаччалц Россин Федерацин субъекташкахь вовшахтухуш ю «Добровольцы – детям» цIе йолу Ерригроссин IV-гIа акци. Цуьнан кхайкхам бу: «Добровольцы в поддержку семьи и детства, за социальную солидарность и взаимопомощь».
ХIара гIуллакх дIадахьар юкъадахийтина Россин Федерацин Правительствон 2015-чу шеран 5-чу февралехьлерчу №167 распоряженица чIагIйинчу 2012–2017-чуй шерашкахь берийн хьашташкахь къоман стратегин къаьсттина мехала положенеш кхочушъяран 2015–2017-чуй шерийн Планан 14-чу пунктана.
Акцин Iалашо ю дай-ноналлин сий-ларам юкъараллехь лакхабаккхар, доьзалан институт чIагIъяр, юкъаралла социальни ваьшта таьIна хилийтарна гIо дар, дай-наношкахь а, берашкахь а дахаран жигаралла кхиор.
Цуьнца доьзна, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан тIедилларца нийса а догIуш, оцу Акцин гIолаьцна Нохчийн Республикехь. Кхузахь вовшахтухуш ю Акцин вовшахтохараллин комитет.
Акцин хьокъехь йолу положени а, ткъа иштта иза дIаяхьарна кечамбаран а, дIаяхьаран а, «Добровольцы – детям» хIора шеран Ерригроссин акцин жамIийн а хьокъехь материалаш ю Фондан сайта тIехь: www. fond – detyam.ru, «Добровольцы– детям» лерринчу рубрикехь.