Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртахь даздаран хьолехь схьадиллира 1 100 стагана лерина долу, Молочиев Хьаьжин цIарах долу рузбанан маьждиг.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан, Нохчийн Республикин финансийн министр Тагаев Султан, Грозненски кIоштан куьйгалхо Абазов Рустам, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Дадаев Ризван, юьртара баккхий нах а, бахархой а.
Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира Пролетарски юьртахь хьалха маьждигаца долу хьал ледара хилла хилар а, цунах лаьцна шайга хаам кхаьчча, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца маьждиг сихха дан долийна хилар а.
– Вайна ма-хаъара, Делан хIусамаш – маьждигаш – Дала шена безачаьрга бен югIуьйтуш яц. Пролетарски юьртахь маьждиг дан дезаш хиларх болу хаам шега кхаьчча, хьем ца беш, оцу тIехь белхаш дIаболор тIедиллира Кадыров Рамзана. Дала беркате дойла вайна хIара маьждиг, – элира Межиев Салахь-Хьаьжас.
Цул тIаьхьа цо (муфтис) доIа а дина, схьадиллира маьждиг. Гулбеллачара маьждигехь рузбанан ламаз а дира, мовлад а дийшира.
Хьешаша Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна баркалла элира керла маьждиг схьаделларехь гIо-накъосталла дарна, иштта, оцу хиламца бахархой декъал а бира цара.
Дагадоуьйту, и маьждиг дина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах.
Жимма хьалхуо, Пролетарски юьртахь еш йолчу объекташка хьожуш, цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, кхиберш а.
Иштта, кхузахь еш ю, тишачу, Iер-дахарна кхерамечу дукхагIаьтнийн цIеношкарчу бахархошна лерина 32 цIийнах лаьтташ а йолуш, керлачу цIенойн куп.
I.МУРТАЗОВ
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де