Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Iайшата инстаграмехь йолчу шен агIонехь дIойолийна «Дахаре сатийсам» приютерчу дийнатийн гIолацаре кхойкхуш йолу флешмоб.

Нохчийчуьрчу бахархоша, шайна юкъахь даржашкара нах, издательствошкара, театрашкара, кхечанхьара кхоллараллин белхахой, совдегарш, догдика адамаш долуш, къобалдина Кадырова Iайшатан дIадолор.
Цо адамашка доьхура «Дахаре сатийсам» приютерчу цицигашна а, жIаьлешна а яа хIума эцарехь гIо-накъосталла дар.
Республикин Культурин министран хьалхарчу заместителан кхайкхамна орцахбевллачу вайн бахархоша, оцу дийнаташна яа хIума эцарх тоам ца беш, приютан счета тIе ахчанаш даха а долийна.
И бахьанехь, волонтерийн аьтто баьлла шаьш Iуналла деш долу дийнаташ дузийна ца Iаш, приютана тIехь хилла декхарш дIатакха а. Кадырова Iайшата дуьххьара деш дац приютана гIонакъосталла.
Кхул хьалха а цигарчу дийнаташна тайп-тайпана даарш эцна ца Iаш, жIаьлешна баннаш а ийцира цо. ТIаьхьа уьш Соьлжа-ГIалахь массо а маьIIехь дIахIиттийра.
Iайшатан жимахболчу йижарех цхьамма – Хадижата – а гIо дина приютана… Цо итт цициг шен цIа дIадаьхьна.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, йоIана чIогIа къахеттера оцу цицигех, царах цхьадерш мукъане а цIа дало, кхаба, Iалашдан лиира цунна.
Хьаххийначуьра аьлча, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо а дукхазза а гIо дина приютана. Цигара цIа деана бIаьрзе цициг а, иштта цхьа жIаьла а.
Хь.САИДОВ
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де