Лулахой — шеран чаккхенехь

Кхиаран боларш

МАГАС. ГIалгIайн Республикин экономика кхиоран министра Кациева Асета чIагIдарехь, кху шеран исс баттахь промышленни производствон индекс 107,3 проценте кхаьчна (СКФО-хь йоьалгIа а, РФ-хь борхIалгIа а меттиг). 2019-чу шарца дуьстича оцу муьрехь 5 миллиард соьмана шайн меттигера товараш арахецна, белхаш бина, хьашташ кхочушдина цигахь.

Кхолламан (январь) – товбецан (сентябрь) беттанашкахь регионерчу гIуллакх дечу предприятеша дIаяхьийтина 1,3 миллиард соьмана продукци. Республикехь кхочушдеш ду гIишлошъяран материалашка долу хьашт: кибарчигаш арахецар алсамдаьлла 1,7-зза, некъашна лерина долу силам – 3,1-зза, вовшахтосуш йолу гIишлошъяран конструкцеш – 1,3-зза.

Министра тидам тIебахийтира чекхбаьллачу исс баттахь агропромышленни комплексан ерриге а хорманийн бахамашкахь 8 миллиард 942,4 миллион соьмана сурсаташа гулдина хиларна. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича жижиг даккхар алсамдаьлла 8,8 процентана, шура – 0,8 процентана, хIоаш – 0,7 процентана.

Эсаран (октябрь) беттан хьалхарчу денна долчу хьесапашца регионан бахамашкахь 67,8 эзар бежана дара (стохкачул 5,6 процентана алсам). Царна юкъахь 34 эзар гергга етт бу. 22 эзар коьрте кхаччалц алсамдевлла республикехь уьстагIий а, гезарий а. Цуьнца цхьаьна ведомствехь билгалдоккху бежанех 52,5 процент а, уьстагIех-гезарех 23,7 процент а бахархойн шайн доларчу бахамашкахь хилар.

БIаьрла бу регионан гIишлошъяран декъехь болу гайтамаш а. Исс баттахь 29,7 процентана алсамбевлла гIишлошъяран белхаш, аьлча а, 10,9 миллиард соьмана. Оцу декъехь СКФО-н субъекташна юкъахь тешам боллуш хьалхара меттиг дIалоцу ГIалгIайчоьно.

Ненан орденца совгIат

ХIИНЖА-ГIАЛА. Ненан Де билгалдаккхарца доьзна Дагестанан правительствон председателан хьалхарчу заместителан декхарш кхочушдеш волу Карибов Анатолий а, Дагестанехь берийн бакъонашларъяран векал Ежова Марина а, ХIинжа-ГIалин Советски кIоштан администрацин куьйгалхо Залибеков ПахIрудди а хилира 12 бер кхиийна йолчу гIалин яхархо Аккобекова ПетIамат йолчохь.

Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Меликов Сергейн цIарах декъал а еш, А.Карибовс ПетIамате дIаелира Ненан орден а, дагалецаман совгIат а. Ткъа кIоштан куьйгалхочо дукха бераш долчу нанна ахчанца совгIат дира. Хьешаша дIахаийтира зудчун ондда могашалла а, доьзалехь ирс-аьтто а хуьлийла шайна лууш хилар.

ПетIамата баркалла элира шен сел доккха сий дарна, дийцира шен а, доьзалан а дахарх лаьцна. Хаам бира шен кхуьуш 26 берийн бер а, берийн-берийн 3 бер а хиларан хьокъехь.

Моздокехь – кхузаманахьлера элеватор

БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав акционерни «Российский банк поддержки малого и среднего предпринимательства» юкъараллин правленин председателан заместительца Демельханов Арсанаца цхьаьнакхеттачу хенахь дийцаре дира республикехь керла проекташ кхочушъяран гIуллакхаш.

Царах цхьаъ ю банкан гIоьнца Моздокехь ен йолу ялтин йоккха терминал. 35 гектар майда дIалоцур ю шена чохь уггаре кхузаманахьлера гIирсаш хинболчу элеваторо. Оцу предприятехь белхан 69 меттиг хир ю, ткъа регионан бюджетана хIора шарахь налогийн кепехь 30 миллион соьмал сов ахча хир ду. Инвестицийн проектана ян билгалйина харжаш 2 миллиард соьмал сов ю.

КарадогIучу шарахь дуьйна цу тIехь болх дIаболо билгал а дина. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу акционерни «НЭО Центр» цхьаьнакхетараллин бизнес кхиорехула йолчу директора Корягина Альбинас тидам тIебахийтира и проект кхочушъярна тIехь урхалла деш шайн цхьаьнакхетаралла хирг хиларна.

Алссам тидам тIебахийтира кхин а цхьана проектана. Къамел дара ерриге регионна доккха маьIна долуш болу машенийн «Кавказ» – Хурикау – Малгобек – Моздок» некъ тобарх лаьцна. Регионашна юкъара маьIна лелош хир бу иза, хIунда аьлча, транспортан-экономикин харжаш лахъярал сов цо кхачойийр ю Къилбаседа Кавказан а, Россин а малхбалехьа долчу некъаш тIера Чоьхьарчу Кавказе боьдуш болчу ТIеман-Гуьржийчоьнан некъа тIекхачарна цо кхачойийриг хиларна.

Цигахь берриге белхаш чекхбаха билгалдеш ду хIара шо чекхдалале. ГIуллакхна иза юкъабалоро таро хуьлуьйтур ю Буру-ГIалара Моздоке кхаччалц бечу новкъахь 40–50 минот хан яцъян.

Бизнес-юкъараллин гIолоцу

ЭЛИСТА. ГIалмакхойчохь инвестицийн проекташ кхочушъярехь долчу хьолана лерина яра регионан хьалхара вице-премьер – финансийн министр Шургучеев Очир волчохь дIаяьхьна кхеташо.

Инвесторшка республикехь шайн гIуллакх доладайтарна тIехьажийна дийнна цхьамогIа сацамаш тIеэцна. Царалахь алссам тидам тIебохуьйтуш ду налогаш такхарехь хаъал гIоленаш кхуллу йолу нормативни акташ. Кхоьллина республика кхиоран фонд. Масех проектан документаш кечдеш ю меттигера экономикин а, махлелоран а министерство герггарчу хенахь уьш къобалдайта федеральни центре дIадахьийтаран Iалашонца.

ТIебогIуш болу пайданаш алсамбахарца цхьаьна цигахь мехала лору белхан керла меттигаш кхоллар. Иза дан таро хирг хиларх тешна бу республикехь туристийн-рекреацин «Iаьржа латтанаш» кластер, жижиган ахфабрикаташ кечъяран «Территория вкуса» юкъараллехь, Целинни кIоштахь 1 500 коьртана лерина даьхни дусторан комплекс йилларо, Лагански кIоштахь эрзах комбикорм кечъяран производство вовшахтохаран проекташ билгалйинчу хенашкахь гIуллакх дан юьйлаялийтаро.

Уьш кхочушъярна юьстах юьсур яц пачхьалкх а. Цо шена тIелоцу проекташна билгалйинчу меттигашкахь инфраструктура кхоллар, коммунальни таронаш юкъаялор, лаьттан дакъош къастор, республика кхиоран фондехула ахчанца гIолацар.

Конкурсан толамхошна – совгIаташ

ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийчоьнан коьртачу шахьарахь даздаран хьолехь дIадаьхьира къаьмнашна, динашна юкъарчу юкъаметтигех лаьцна яздечу зорбанан а, электронни а гIирсийн журналисташна юкъахь дIахьош йолчу регионан кхоллараллин конкурсан толамхошна совгIаташ дIадалар.

Конкурс вовшахтоьхнера республикин къаьмнийн гIуллакхашкахула, шуьйрачу коммуникацешкахула, зорбанехула йолчу министерствос.

Дипломаш а, мехала совгIаташ а дIаделира ведомствон шуьйрачу хаамийн гIирсашца а, юкъараллин, динан организацешца болх беш йолчу отделийн хьаькамаша Коркмазов Артура а, Джантемиров Зураба а.

Министерствон векалша билгалдаьккхира хIокху шарахь конкурсан номинацийн а, совгIатан фонд а алсамъяьлла хилар. ХIора шарахь иштта алсамболуш бу регионан конкурсехь дакъалаца лууш болчу журналистийн барам а.

Кхин цхьаъ ду билгалдаккха догIуш: кху шарахь конкурсехь дуьххьара дакъалецира муниципальни шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша а.

Газ тасаран программа

СТАВРОПОЛЬ. «Газпром» ПАО-н правленин председатела Миллер Алексейс а, Ставрополан крайн губернатора Владимиров Владимира а чIагIйина 2021– 2025-чуй шерашна газаца кхачаояр а, газ тасар а кхиоран программа. Оцу балхана «Газпромо» юкъадуьллур ду 4,2 миллиард соьмал сов ахча – кху шарахь чекхдолуш долчу дIадаханчу пхеа шарахь диллина хиллачул 5,2-зза алсам. Документаца нийса а догIуш, компанис боккха болх дIахьур бу гIуллакх деш йолу газотранспортни нуьцкъаллаш кхиорна тIехьажийна. Ша аьлча, билгалдина дIасаекъаран 13 станци технически юхакечъян, реконструкци йийр ю 14- нна.

Цул сов, «Газпромо» Ставрополан ГРС-4 газанбиргIа токхамаш хуьлучу кхерамечу меттера кхечанхьа йоккхур ю. Цо таро хуьлуьйтур ю станцин нуьцкъаллаш алсамъяха. Иштта билгалдина «Затеречный» ГРС яр а, керла газан биргIанаш яхкар а.

Оцу дерригено хьелаш кхуллур ду газах тахана пайдаоьцуш болчарна газ дIахецар алсамдаккха а, муниципальни 18 цхьаьнакхетараллехь хинболчу хьаштахойн хьашташ кхочушдан а.

Газ йилларехь Россехь уггаре а лакхарчарах бу регионан гайтамаш. Кху шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу денна долчу хьесапашца крайхь газ тасар 99,8 проценте кхаьчна, гIаланашкахь – 99,8 проценте, яртийн меттигашкахь – 95,7 проценте.

Интернетан хьостанех пайда а оьцуш, хаамаш кечбинарг – ХАНУКАЕВА Дагмара
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: