Москвара – дашочу мидалашца

Москвахь дIаяьхьира мехкаршлахь панкратионан кубок къовсаран схьайиллина турнир.

«Ахмат» клубера спортсменаш а бара цигахь дакъалоцуш.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам баьккхира: Бозаева Зинас (58 кг), Ахматукаева Мархас (56 кг).

Чиллин (февраль) баттахь Воронежехь хинйолчу Россин чемпионате баха кечамаш беш бу уьш карарчу хенахь.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: