Аьхкенан каникулаш юьйлаяларца дукхах болу дешархой луларчу республикашка санаторешка садаIа боьлху. ХIора шарахь ГIебартойн-Балкхаройчоьнан республике садаIа доьлхучу берашца цхьаьна Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон «СПИД-ана профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а туьшца», Къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствоца цхьаьна бераш ийманехь кхетош-кхиош белхаш бо.
Кегийрхой вочух ларбала 1амош, цаьрга шайн могашалла ларъяйтарна йолчу Iалашонца беш бу оцу тайпа профилактикин болх.
Кху деношкахь Нальчик гIалахь йолчу «Долинск» санаторехь дIаяьхьира семинараш а, тренингаш а. И жоьпалле болх дукха хьолахь психологаша шайна тIелоцу. СПИД, ВИЧ-инфекцех ларбала а, ткъа иштта наркоманех, корта бахочу психотропни молханех ларбала а Iамош акцеш йо. Цигахь «хаамийн чардакх» вовшахтуху оцу гIуллакхана охIла болчара. ТIехь хаттарш долуш билеташ хуьлу дешархошна кечдина, лакхахь хьахийначу проблемех лаьцна церан хаарш толлуш. «Экзамен» дIаяла ницкъ ца кхаьчча, экзаменаторшна уллехь хиъна Iаш эксперташ хуьлу. Цара нийса жоп гойту. Кегийрхойн гIуллакхийн министерствон коьртачу говзанчас Каруев Рамзана дийцира «хаамийн чардакх» хIотторан ламаст юкъадаьккхина дукха хан хиларх.
«Берашна хазахетта ца Iа «хаамийн чардакхан» болх. Керланиг довза а, хаа а лаам кхуллу ишттачу акцеша», – элира цо. Дешархошца йина ца Iаш, цаьрца цхьаьна садаIа боьлхучу хьехархошца а йо профилактикин семинараш. Хийрачу махкахь хила тарлучу цатемашна кийча хила беза уьш а.
БАЙБАТЫРОВА Милана
ЧГУ-н студентка
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо