Нохчийн Республикин къоман музейхь гӀоьналлин «Диканиг луо» акци дIайолийна Нохчийчоьнан культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Iайшата.

ГӀараваьллачу суьрташдахкархочун Купер Юрийн гайтамехь дӀахьош йолчу «Музейрчу дарсехь», цуьнан суьрташна юкъахь, 100 гергга беро дакъалецира.
Шайн хетачу агӀор тӀамарш еш, базалгана тӀе ухку 300 гергга лоппагаш кечдира цара.
ТӀаьхьарчу шерашкахь ламасте дирзина, Кадырова Ӏайшата, Керла шо тIекхочуш, гӀоьналлин «Диканиг луо» акци дIаяхьар.
И беркате гӀуллакх бахьана долуш, Керлачу шарна леринчу даздаршкахь вайн махкарчу дуккха а берашна совгӀаташ а кхочу, церан сатийсамаш кхочуш а хуьлу.
Къаьсттина хазахеташ ду царна юкъахь дукха бераш долчу а, хала бохкучу а доьзалшкара бераш хилар.
Ткъа хIинца дIахьочу акцехь, бераша кечдина лоппагаш Нохчийчоьнан коьртачу базалгашна тIехь хир ду, уьш эца йиш хир ю муьлххачу а вахархочун.
И лоппагаш доьхкина ахча могашалла ледара йолчу берийн лерринчу туьшашна гIонна хьажор ду.
– Бераша уггаре а чIогIа шаьш сатуьйсу хан тIеяре хьоьжу бутт гIуран (декабрь) бутт бу. Чохь, арахь, гIалийн коьртачу майданашкахь, школашкахь, берийн бошмашкахь бес-бесарчу лоппагашца а, тайнигашца а, ловзоргашца а, кочаршца а кечйина хуьлу базалгаш. ХIокху шарахь республикин коьртачу базалгана тIехь шатайпана совгIаташ хир ду. Уьш тахана кхузахь бераша кечдина лоппагаш ду. «Диканиг луо» акци дIаяхьаро берашна Iамадо совгIаташ схьаэцар санна, уьш далар а самукъа, ирс хилар, – элира Кадырова Iайшата.
ВЕГИЕВА Макка
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де