Шайх Мансуран къийсаман а, дахаран а керла мур дIаболабелира иза шен тешамечу бIанакъосташца цхьаьна ГIобанал дехьа ваьлча. ХIинца цо Россина дуьхьал тIом бора гIобахилдехьаройн а, ногIийн а халкъашна коьрте а хIоьттина. ГIобанал дехьа валарх а, Нохчийчуьра къийсам сацо дагахь вацара Имам.

ГIобахилдехьаройн тIеман жигарчу гIуллакхех а, ламанхошна юкъахь юха а шен сий-ларам лакхабаларх а, ткъа иштта, цхьаболчу мехкадайша а, муридаша а ша шаьш долчу дIавоьхуш хиларх а пайда а оьцуш, Мансур, хьалха а санна, Къилбаседа Малхбузен Кавказан ламанхой, гIобахилдехьаройн халкъашца цхьаьна Россина дуьхьал гIовтто дагахь вара.
ГIобахилдехьароша Россина дуьхьал гIаттам баран дуккха а бахьанех цхьаъ дара экономикин бахьана а. Ламанхошна юкъахь къаьсттина резадацар кхоьллинера Кавказерчу эскарийн командующис инарла-поручика Потемкина арахецначу указо.
Оцу указаца гIобахилдехьарошна доьхкуш дара туьха дан Къилбаседа Кавказе дахар. Дозанаш тоьхнера ГIебартарчу бахархошна а. Церан бакъо яцара цхьа ворда бен туьха дIадахьа, цунах таможнина 1 сом 5 кепек ял а луш. ГIобахилдехьароша туьханах дукха пайдаоьцура уьстагIашна лучу докъарх и тухуш. Туьха а тухуш докъарш даийча уьстагIийн далар кIезиг хуьлура.
Оцу берриге а бехкамаша халкъаш карзахдохура, цаьргахь къийсаме довларан ойла кхуллура, Имамах дIа а кхетта.
«Чергазийн тукхамаш вайн гIаьпнашна тIелата кечамбеш хиларан хьокъехь болчу хаамаша а, гIобахилдехьарой Мансурах дIакхетта хиларан хьокъехь долчу хабарша а, – билгалдоккхура инарла-поручика Потемкина, – лоьху уьш вайн дозанашна тIецалатийтарехьа сихха а, нуьцкъала а гIуллакхаш дар».
ГIобанан бердайистошка а хьаьжна, инарла Потемкин кхузахь тIеман чIагIонаш ян волавелира. Цунна хетарехь, оцу чIагIонаша цхьана декъана мукъане а кхузара бахархой ларбан декхар дара гIобахилдехьарой чугIертарх.
Йоццачу хенахь 800 километр йолчу Кавказерчу чIагIонийн зилан ерриге а йохаллехь, хьалха йина хилла йолу гIаьпнаш ца лерича, керла 13 чIагIйина редут йира, зил тешам боллуш чIагIбархьама, Россин эскарш шина корпусе дIасадекънера: ГIобанан егерийн корпусе а, куьйгалла деш инарла-аншеф П.А.Текелли а волуш, Кавказан корпусе а, цунна куьйгалла дар инарла-поручикана Потемкинна тIе а дуьллуш.
Делахь а, оцу гIуллакхаша цхьана декъана бен ца лардира дозанаш ламанхой а, гIобахилдехьарой а тIелетарх. Эскарш кIезиг хиларна гIаролан посташ вовшашна ул-уллехь хIитто аьтто бацара. И бахьанехь ламанхойн даима а аьтто бара тохар дарна бегIийла меттиг къасто.
ГIобанал дехьа волчу Шайх Мансура сацош дацара цхьана хенна нохчий, дагестанхой, гIебартой Россина дуьхьал гIовтто гIертар. Оцу Iалашонца цо кехаташ кхоьхьуьйтура нохчашка а, ткъа иштта лаьмнашкарчу кхечу халкъашка а.
1787-чу шеран мангалан (июль) баттахь Эндерийн а, лаьмнашкарчу кхечу яртийн а бахархошка Мансурера кехаташ кхаьчна хиларан хьокъехь хаамаш бира Кавказехь долчу эскарийн командующига. Хаамаш бечара дийцарехь, оцу кехаташкахь Имама берриге а бусалбанаш барт цхьаъ хиларе, шен хьехамашка ладогIаре кхойкхура.
Оцу кехатийн хьокъехь Потемкине хаам бинчу полковника Нагела билгалдоккхура дагахь хIума доцу ламанхой Мансуран дешнех а, Туркойн махкара гIо кхочург хиларх а тешна хилар, «Ушурмин кехаташа халкъан ойланаш керчош хилар».
КхидIа Нагела хаам бора лаьмнийн дукхахболчу векалша шаьш хIинццалц Мансурах ца тешаш лелар байттамал лоруш хиларан хьокъехь.
Бакъду, тIетухура Нагела, ламанхошна юкъахь а бу Имам юха а хIокху махка кхочург хиларх шеко йолуш берш. Нагела шен кхечу рапортехь инарла-поручике Потемкине хаам бора Мансура шен рогIерчу кехатехь Россина цхьана а кепара дош ма луо бохуш ламанхошка дехар дина хиларан хьокъехь.
Имама дийцарехь, Кавказера хьал кестта хийцадала дезаш дара. Цунна хууш хиллачух тера ду Туркойн махканий Россиний юкъахь тIом дIа маца болалур бу а, иза билггал болалур буй а.
«Туркойн министерство, Султанан машар безаран хьокъехь йолчу чIагIонашка хьаьжна доцуш, машар бохо бахьана лоьхуш ю, – яздора сийлахьчу элас Кавказехь волчу шен гергарчу инарле. – Чергазий, ГIобанал дехьа а бевлла, тIелата кечлуш бу. Хьан сийлалло хаам бо Шайх Мансур цигахь чIагIвелла хиларан хьокъехь. Оцу дерригено а вайгара лоьху сихха даккхий гIуллакхаш дар. Ас хьуна тIедуьллу: дIасадекъна тIеман дакъош вовшахтохар, хьуо хила веззачу хьоле валор. Оьшуш доцург дIадаккхар тоьлашха ду, массанхьа а дIасавекъаваларца ша гIелвечул. Инарла-поручикна Иловайскина омра до Донера эскар вовшахтоха, инарла-майорана баронна Ее хи йистехь латта. Ший а кийчча хила, хьоло лоьхуш ма-хиллара».
Сийлахьниг бакъ вара: Имама чергазашна вуно чIогIа тIеIаткъам бора. Цуьнан хьехамаша, къамелаша карзахбаьхначу цара дукхазза а алсамдаьхнера Мазлакхерчу дуьхьалонан зилана тIелетар.
Уггаре а чIогIа тасадаларш хилира Новосельцево юьртана юххехь. Цигара лаьцна бахархойх ши бIе сов стаг дIавигира чергазаша. Цаьрца цхьаьна исс эзар корта бежана а дигира.
Шайх Мансур коьртехь волу, ши эзар бIаьхо юкъахь волу, эскар ГIобанал дехьа делира. Цо йохийна дIаяьккхира «Безопасный» пост, чIоггIа тохар дира «Донской» гIопана.
ГIаттамхой Черкасск гIалина тIекхаччалц дIабахара. Цунна уллехь а, Ее хица а йолчу Болдыревски редутана тIелетира. ЧIогIа чIагIйина яра иза. Цигахь гIалагIазкхийн кхо полк яра.
Оцу буьрсачу тIамехь чергазаша а, кхечу къомах болчу бIаьхоша а шайгара йоккха майралла а, хьуьнар а, стогалла а гайтира.
МостагI вохийна дIа а ваьккхина, цара йийсар вира полковник Донцов а, цуьнца цхьаьна цхьа бIе ах бIе гIалагIазкхи а.
Оцу бIаьрлачу толамо ир-карахIиттийра гIобахилдехьарой. Кхин а шуьйра яьржира царна юккъехь Шайх Мансуран цIе.
Мусаев Iалавди, юридически Iилманийн доктор
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де