2020-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь 185 шо кхаьчна ВаларгтIе цIе йолчу нохчийн ширачу юьртахь буьрса тIемаш кхихкина.
Инарла Галафеев Апполон Васильевич ву шен эскарца цига чуьгIоьртинарг. Цуьнан къизалла Кавказехь евза дукха хан хилла.
1838-чу шарахь дуьйна инарлин Граббе Павел Христофоровичан куьйга кIел долчу эскаршкахь лаккхарчу чинехь эпсар волчу цо, Къилбаседа Кавказехь тIемаш бина, къинхетамза ярташ дIахьокхуш, маьрша адамаш хIаллакдеш, ламанхой Iазапехь латтош.
1839-чу шеран оханан (апрель) баттахь дIаболийна товбецан (сентябрь) бутт тIекхаччалц имам Шемалан бIоцна тIемаш беш чекхъяьккхина цара и еха аьхке, Ахульго юрт схьаяккха Iалашо йолуш.

Цигахь баьккхинчу толамо Iехийна, ДаьргIа гIоьртина.
Амма хьалхаваьлла имам Ташу-Хьаьжа (Воккха-Хьаьжа) волчу вайнехан къонахаша, юм яйтина кхайкхаза баьхкинчу хьешашка веданхойн къоьжачу лаьмнашкара.
Цундела, цига догдохийла, цкъачунна, шайн йоцийла хууш, Галафеевн эскарша 1840-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Нохчийчоьнан малхбузехь талораш дIадолийна.
Цу муьрехь шен бIоца гиххойн хьаннашкахь хилла имам Махьмин Ахберд. Малхбузера Нохчийчоь мостагIех ларъен бIон баьчча вара и доьналлех воьттина хилла майра кIант.
Наггахь цхьацца хабарш хеза луларчу Дагестанерчу халкъийн векалша Махьмин Ахберд шайн къоман турпалхо хилла бохуш. Иза бакъдолчунна аьттехьа дац.
Схьаваларан орамаш эрмалойх долуш хилла Махьмин Ахберд. Цуьнан дедас Ахвердяна ХVIII-чу бIешеран чаккхенехь тIелаьцна хилла бусалба дин.
Цхьана ханна, Iедалх хьулвелла, жIайхошна юкъахь Iийна хилла иза. Шен бераш а, берийн бераш исламан динехь кхиийна цо. Ткъа цуьнан кIентан кIант Махьмин Ахберд кхиъна вогIуш дуьйна нохчашна юкъахь Iийна.
Оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бан вайн махкахоша Iамийна ву иза. Нохчашца цхьаьна цо кест-кеста тIелатарш деш хилла Буьрсачу (Грозная) гIопехь туп тоьхна лаьттачу оьрсийн паччахьан эскаршна.
Оьрсийн эскаршна гIап шайн долахь хетарх, нохчийн иэсехь кхин дара, ткъа сов нохчийн юрт къинхетамза ягийначу меттехь кураллица йоьгIна гIап, нохчашна гергахь паччахьан Iедална кIарлагIа хилла лаьттара. И кхетам Махьмин Ахбердан сих хьаьрчина, цIийца лозуш бара бераллехь дуьйна. Оцу бахьаница дора цо вайн яхь йолчу кIенташца, Буьрсачу гIопана тIелатарш.
Декъазчу халкъе, махке кховдийна харцо ца лалуш. Шайгахь йолчу таронца, хьаьшначу маршонна, бакъонна бекхам бан лууш летара нохчийн кIентий, эхь-бехк дайъина вайн ярташ дIалоьцуш болчу гIалагIазкхех. И лазам даг чохь кхобучу кIентех цхьаъ вара Махьмин Ахберд а. Iожалла йоцчо къарвийр воцуш майра кIант вара иза.
Иза хIаллакван йолчу Iалашонца 1840-чу шеран мангалан (июль) беттан ялхалгIачу дийнахь, Буьрсачу гIопера араваьлла, Нохчийчоьнан къилбамалхбузехьа агIор йолчу ярташкахь таIзаран экспедици дIаяхьа новкъа велира инарла Галафеев, герзах воьттина ши эзар гIашсалти, цхьа эзар виъ бIе дошло шеца волуш. Цуьнца цхьаьна Галафеевн эскарехь ейтта йоккха топ яра.
Инарлина моьттуш хиллера, новкъахь кхин зен-зулам доцуш, ша юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхочур ву. Амма цу некъаца Iохкучу нохчийн ярташкара бахархой, кхийтира паччахьан эскарш диканна догIуш цахиларх. Шайгахь йолчу таронца цара дуьхьало йира инарла Галафеевна.
Луьра тасадаларш хилира ГIуларана йистехь, Заки-Юьртахь, Хаьмби-Ирзехь, ШаIми-Юьртахь. И бахьанехь масех де дайъа дизира инарлин. Гиххойн хьаннашкахь хьулвеллачу Махьмин Ахберде хабар кхаьчнера тIегIерташ оьрсийн эскарш ду аьлла. Хьаннашкара арабевлла, Валарг хица, тIамна аьтто болу меттигаш схьалаца кхиънера нохчийн кIентий.
ТIеман эрчонах озабалар хIун ду ца хууш, мостагIчух Даймохк ларбан болчу лаамо гIовттийна, Дела Ша воцчуьнга къарлур боцуш, майра кIентий бара уьш.
Нийса хир дацара 1840-чу шеран аьхкенан юккъерчу баттахь хиллачу тIемашкахь эскаршна дуьхьало еш, беккъа цхьа валаргхой бара аьлча. КIеззиг ца хилла оцу тIемалошна юкъахь луларчу ярташкара кIентий а.
Вайн къонахаша цкъа а, цхьана а хенахь тесна буьтуш ца хилла дагахь боцчу бохамо йийсаре лецна кхечу ярташкара махкахой. Гихтара, Котар-Юьртара, шина МартантIера, иштта кхечу ярташкара орца кхаьчна оцу доьхначу дийнахь валаргхошна.
Дуьненан исторехь бисина и луьра тIом, оьрсийн поэт Лермонтов Михаил оцу тIамехь дакъалоцуш хилла хиларна.
Дакъалаьцна ца Iаш, шен синхаамаш бовзуьйтуш, йоккха байт язйина цо «Валерик» цIе а йолуш. Цо ма-ярра Iорайоккху паччахьан Николай Хьалхарчун ямарт политика, Кавказан ламанхошка кхийдо харцо.
Вай тешна ду инарла Галафеевн эскар буьрсачу тIамехь юхатоьхначу Кавказан майрачу кIентан Махьмин Ахбердан сийлахь цIе халкъалахь, заманан йохалла, нур ца довш, юьсург хиларх а, вайн турпалчу дайша хьегна къай-балий хIораннан иэсехь карладохуш.
Ткъа бакъволу къонах Махьмин Ахберд, герз карахь, воьжна, 1843-чу шеран асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь ГIуш-Керт цIе йолу нохчийн юрт мостагIех паргIатйоккхуш буьрса кхихкинчу луьрачу тIамехь. Шовзткъа шо бен хан ца хилла турпалчу бIаьхочун.
АРАПХАНОВА Аза
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де