Къоман «Культура» проектан гурашкахь дIахьош ду республикехь хIокху заманан модельни библиотекаш схьаелларан гIуллакх. Иштта рогIера модельни библиотека схьайиллина Iалхан-Юьртахь. Грозненски кIоштан коьртачу библиотекин №11 йолу филиал ю иза.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, белхан гIуллакхца Нохчийчу еана Россин Федерацин культурин министерствон Дешаран а, Iилманан а департаментан директоран заместитель Федякина Лидия, Россин пачхьалкхан библиотекин Модельни библиотекийн департаментан директор Дятловская Анастасия, кхиболу официальни нах.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ярташкарчу библиотекийн а, культурин, кхоллараллин туьшийн а хьал тодаран а, оьшучохь керла гIишлош яран а декъехь тIедиллина гIуллакх кхочушдеш схьадогIуш ду тхо. «Культура» къоман проектана юкъа йогIуш йоцчу, амма ремонт я, керла гIишло ян езаш йолчу объекташна оьшуш йолу харж шена тIелаьцна А-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондо. Берашна Iилма довзийта а, культурин декъехь уьш кхиийта а оьшуш долу хьелаш кхуллуш ду регионехь, – элира Х-Б.Дааевс.
Ламасте дирзина долу цIен аса хадоран дакъа чекъдаьллачул тIахьа, министр а, Москвара еана ши хьаша а керлачу библиотеке хьаьвсира.
Л.Федякинас билгалдаьккхира Нохчийчоь сихачу боларца Iилманехула а, культурехула а кхуьуш хилар.
Берашна оьшуш долу дерриге а хьелаш долуш, компьютерни а, ловзаран а, кхиоран а дакъошкахула таронаш йолуш йинчу модельни библиотекина ша реза хилар а хаийтира цо.
Иштта, библиотекин керла гIишло схьайиллира Гуьмсан кIоштарчу Лакха-Нойбоьрехь. Цигахь а культурин министраца цхьаьна бара лакхахь билгалбаьхна хьеший.
«Культура» проектана юкъайогIуш ца хиларе терра, А-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондан харжаца йина ю керла гIишло.
Библиотекехь книгаш еша меттиг хилла ца Iа. Цигахь тайп-тайпана кружокаш дIаяхьаран чоьнаш а, книгаш Iалашйойла а ю.
– Вайн бераш нийса кхетошкхиорехь доккха дакъа лоцу книго. Книга ю берана дуьне довзуьйтуш ерг, мотт шарбеш ерг, цуьнан хьекъал кхиош ерг. Дуьненахь мел йолу книга эцна дер дац массо а да-нана, цул сов, кIоштийн коьртачу библиотекашка ярташкара бераш дига аьттонаш, таронаш ца хуьлу церан. Цундела, хIара санна йолу библиотекаш оьшуш ю ерриге а ярташкахь. Цу тIехь вайна доккха гIонакъосталла до вайн мехкан Куьйгалхочун нанас Кадырова Айманис. Цо куьйгалла дечу А-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондо шен чоьтах керла гIишло яр, хIокху юьртахошна хилла ца Iаш, махкана а доккха совгIат ду, хIунда аьлча, вай дикане сатуьйсуш ду. Вайн берех, библиотекашкахь книгаш йоьшуш, хьекъал кхиорца, тIейогIучу хенахь гIарабевлла баккхий говзанчаш, Iилманчаш хиларе сатуьйсуш ду вай, – элира Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочо Закриев Сахьаба.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де