Салтукиева Радимхан – республикин «Шеран хьехархо – 2020» конкурсан толамхо

«Шеран хьехархо – 2020» конкурсан регионан мур чекх а баьлла, толамхо билгал а яьлла.

Соьлжа-ГӀаларчу Ю.Дешериевн цӀарахчу лингвистикин школехь, даздаран хьолехь дIадовзийтира конкурсан жамӀаш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса шен заместительца Усманов Ахьмадца цхьаьна.

Конкурс муниципальни, республикин, финальни муьрех лаьтташ яра. Цкъа хьалха кӀоштийн тӀегӀанехь а, юха республикин тIегIанехь а дӀадаьхьира къийсадаларш.

Республикин муьрехь билгалвелира тоьлла 15 хьехархо. Цул тӀаьхьа, финалан муьрехь – конкурсан толамхо.

«Шеран хьехархо – 2020» конкурсан толамхо хилира Соьлжа-ГӀалин №7 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Салтукиева Радимхан.

Конкурсан финалисташка вистхиллачу Байсултанов Идриса билгалдаьккхира «Шеран хьехархо» санна йолчу жоьпаллечу конкурсехь дакъалацар хьехархочун дахарехь мехала гIуллакх а, боккха кхиам а хилар.

Хьехархочун зеделларг алсамдолу ишттачу конкурсехь.

Толамхочо хIинца, Нохчийн Республикин цӀарах дакъалаца дезар ду Ерригроссин тӀегӀанехь дӀахьонболчу муьрехь.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана леринчу тергонехь латтош ду дешаран хьаьрма кхиоран гӀуллакх. Хьехархойн балхана кхоьллина тоьлла хьелаш ду», – элира цо.

Конкурсан жамӀаш довзийтаран дакъа чекхдаьлча толамхочуьнца цхьаьнакхетар хилира Байсултанов Идрисан.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Ерригроссин конкурсан финалана кечамбаран гӀуллакх.

Регионан толамхочунна федеральни тӀегӀанехь дӀахьонболчу финалан муьрана кечам барехь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос оьшуш долу гӀо дийриг хилар хаийтира министра.

Толаме кхача гӀортар ду цуьнгара оьшуш дерг.

«Нохчийн Республикин векална санна цунна тӀехь ду – вайн республикин хьехархойн юкъаралла йовзийтар. Шен хаарш, похӀма, хьехархочун говзаллина тӀера артистийн хьуьнаран биста кхаччалц долчу дерригенна а пайда эца хаьа деза цунна», – билгалдаьккхира цо.

Цхьаьнакхетар дерзош, Байсултанов Идриса А-Хь.Кадыровн цӀарахчу регионан юкъараллин фондан цӀарах зезагийн курс луш, ахчанан совгӀат дира Салтукиева Радимханна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тӀехь: «Шеран хьехархо – 2020» конкурсан толамхочуьнца цхьаьнакхетар
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: