Кху деношкахь Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу мемориальни «Аллея славы» комплексехь заьIап берийн «Дешаран туьшо» (Центр образования) гайтаме дехкира берийн куьйга-говзаллин белхаш. Цигахь дара басаршца, туьтешца дехкина суьрташ, къорзачу кехатех дина зезагаш, гIурагIезаш, шаьш йина кегий машенаш, нохчийн бIаьвнаш, иштта кхин а дуккха белхаш. Гайтам вовшахтоьхнера лакхахь хьахийначу мемориальни комплексан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн, Нохчийн Республикин культурин, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствийн гIоьнца. Цигахь дакъалоцуш бара: Республикин Парламентан председателан заместитель Юсупов СаьIид, Нохчийчоьнан МВД-н УГИБДД-н хьаькаман заместитель, полицин полковник Танталашев Адам, Россин Федерацин ГИБДД-н Нохчийн Республикин урхаллин пропагандин отделан хьаькам Кадимагомаев Лом-Iела, Нохчийн Республикин муфтин хьехамча Осмаев Iусман, юкъараллин палатин аппаратан куьйгалхочун заместитель Муцаев Мамий, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Месербиев Садо.
Шен къамелехь Танталашев Адама бераш декъалдира берийн Дуьненаюкъарчу денца. Цо лаккхара мах хадийра гайтаме дехкинчу берийн куьйга-говзаллин белхийн.
– Суна хазахета вайн бераш иштта похIма долуш а, деша лууш долуш а. Дала ирсе дахар а, ондда могашалла а лойла шуна. ТIаьхье беркате йойла кху цхьаьнакхетаран, – элира цо.
Иштта йистхилира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу мемориальни «Аллея славы» комплексан Iилманан белхахо Викиева Наталья:
– Кху берийн могашалла ледара елахь а, хьекъална а, говзаллица а кхечу берел тIаьхьадуьсуш дац хIорш. Могашалла ларъян езаш ю, цундела ларъян еза некъан бакъенаш. Светофоран баьццара стогар леттачул тIаьхьа бен некъал дехьа вала мегар дац. Дала могашалла лойла шуна.
Хьешийн самукъадоккхуш, евзаш йолчу къоначу эшаршлакхархочо Хизриева Саалас «Россия» йиш лекхира, ткъа «Дешаран туьшан» дешархоша шайн концертни программа гайтира. Цхьаьнакхетар дерзийра хьешашца дагалацамна суьрташ дахарца.
З.ЧИНХОЕВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо