Берашна хазахета «СтелаIад» бешахь

Самукъадаьлла берийн. Ирсе къега церан бIаьргаш. Ловзуш ду уьш, дерриге а цхьана доьзалера, цхьана кхерчара долуш санна. Церан сема терго еш лаьтта кхетош-кхиорхой. Уьш баккхийбе церан бераллех, тахана махкахь долчу маьршачу, синтемечу хьолах…

Вай юьйцург Веданан кIоштарчу Тевзана юьртара №7 йолу берийн беш ю. «СтелаIад» аьлла, хаза цIе тиллина цунна.

Юьртарчу дай-наношна доккха совгIат ду хIара. 60 берана меттиг ю кхузахь. Царна кхиа а, Iама а мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина.

«Тхан берийн кхиар, садаIар, ловзар аьхначу хьелашкахь хилийта гIерташ къахьоьгуш ду тхо», – бохура берийн бешан куьйгалхочо Ахиядова Йиситас.

Цундела берашна оьшуш мел долчуьнца кхачойина кхузахь. Шина тобане декъна долчу берашца (хенашка хьаьжжина) болх беш бу лаккхара а, юккъера лерина а дешар дешна болу говзанчаш.

«Ма-дарра аьлча бераш Iаморан а, кхетош-кхиоран а гIуллакх дIахьош пхи белхахо ю берийн бешахь. Царах йиъ лаккхара дешар дешна, берашца дIабахьа безачу белхан говзалла йолуш ю. Цара тайп-тайпана ловзарш, къийсадаларш дIадахьарца цхьаьна нохчийн туьйранаш дуьйцу, гIиллакх Iамадо», – бохура Й.Ахиядовас.

Шайн цIахь долчунна герга долчу хьелашкахь ду кхузахь бераш. Цунна хир ду уьш Iуьйранна кхуза схьакхача лууш хилар а, суьйранна цIа даха дукха сатесна цахилар а.

Иза берийн дай-наношца дика уьйр а, мерза юкъаметтиг хиларан а билгало лара еза.

Бераш кхиор, кхетор, царна Iилманан хьостанаш довзийтар берийн дай-наношца дага а бовлуш дIахьо кхетош-кхиорхоша а, кхечу белхахоша а.

Цо таро ло беран кхетам, хьекъал кхио, цуьнан таронаш гучуяха, лаамаш бовза. Мехала ма ду бере цIахь дуьйцуш дерг а, берийн бешахь дуьйцуш дерг а галморзахалла, бIостаналла йоцуш хилийтар.

Бераша берийн бошмашкахь йоккхуш йолу хан цунна дуьненан, дахаран керл-керла агIонаш схьаеллало, адамашца уьйр-марзо тасало хан ю. Оцу муьрехь берана гуонаха мел дерг дика, къегина, хаза, аьхна хилийта хьовса беза баккхийнаш. Цара дикачуьнца довзийта деза царна дуьне, Iалам – дерриге а.

Иштта мехала ду цаьргахь къинхетам, кхечунах дог лазар кхиор, церан экамечу кхетамехь ийманан «хIу» кхиор. Оцу декхарех дика кхеташ бу «СтелаIад» берийн бешара берриге а белхахой.

Делахь-хIета, шайн куьйгалхочуьнца Ахиядова Йиситица цхьаьна цара къаьсттина тидам тIебохуьйту берашна бусалба динан хазалла, исбаьхьалла йовзийтарна. Царна хьехамаш бан, «Бисмил», («Фатихьат»), «Аттахьият» Iамо юьртара дешна нах кхойкху. Цу тIехь само еш ву юьртарчу маьждиган имам а.

ХIокху берийн бешахь дуккха а гIуллакхаш дIахьо бераша мотт бийцар шардархьама. Оцу Iалашонца чехкааларш, хIетал-металш, кицанаш, байташ Iамайойту, йовзуьйту.

Берашна хабарш дийца луун долу хьелаш кхуллу, тайп-тайпана ловзарш юкъа а далош. Цундела дайнаной чIогIа реза бу берийн бешан бертахьчу коллективо беш болчу балхана. Цара цхьана а хIуманна сагатдан ца дезаш, дика хьовсу кхузахь берашка.

С.АЛЬВИЕВ
№96, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: