Flydubai авиакомпанин кеманаш лела дуьйлалур ду керлачу «Дубай – Соьлжа-ГӀала» авиамаршрутехула

Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу «flydubai» авиакомпанис «Дубай – Соьлжа-ГӀала» авиамаршрутехула керла рейсаш схьайоьллур ю гӀуран (декабрь) беттан 17-чохь дуьйна.

«Оцу маршрутехула пассажираш дӀасабигарехь хьалхара хир ю тхан компани», – билгалдаьккхина авиакомпанис яржийначу пресс-релизехь.

Дубайн Ӏедало 2009-чу шарахь кхоьллинчу оцу авиакомпанин кеманаша 47 пачхьалкхерчу 90 сов маршрутехула рейсаш йо.

КӀиранах шозза хир йолуш ю Нохчийчоьнан пачхьене рейсаш – еарин а, кӀиран а деношкахь.

Дубайра 22 сахьт 40 минот яьлча хьалагӀоттур ду кема, Соьлжа-ГӀалахь 01 сахьт 25 минот яьлча охьа а дуссуш.

Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъарчу «Грозный» аэропортан коьртачу директора Шахгириев Ӏаьлвис билгалдоккху хӀокху деношкахь ян езаш Дубайра леррина комисси хилар.

– 1–2 дийнахь цара толлур ду Соьлжа-ГӀаларчу аэропортера хьал, кеманаш гӀовттаран-охьаховшаран асане а, перроне а, пассажирашна леринчу хьелашка а хьовсуш. Цул тӀаьхьа бийр бу цара сацам а, вайн аэропорт шайн кеманаш тӀелаца кийча хиларан я цахиларан хьокъехь. Амма вай тешна ду вешан аэропорт оцу балхана кийча хиларх а, иштта, 17-чохь дуьйна оцу авиамаршрутана билеташ дохка долориг хиларх а, – хаийтина цо.

Дагадоуьйту Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ кхечу мехкашкара туристаш товбецан (сентябрь) беттан 24-чохь дуьйна тӀелаца юьйлаелла хилар.

И.АДАМОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: