Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн а, каппийн а, яртийн а цӀераш хийцар – вай вешан мехкан дай хилар

Республикин пачхьенан Думин тӀедилларца нийса а догӀуш, пачхьенан мэрис дӀаболийна Соьлжа-ГӀалин каппийн а, яртийн а, кӀоштийн а цӀераш хийцаран хьокъехь бахархошка хаттам баран болх.

Оцу белхан лехамашца нийса а догӀуш, соьлжагӀалахоша, карарчу беттан 25-гӀа де тIекхачале, къасто деза, кӀоштийн а, каппийн а, яртийн а цӀераш хийца шаьш реза ду я дац бохург.

Яртийн хьокъехь аьлча, юьйцург пачхьенан Октябрьски кӀоштара Гикало а, Шинасуьйра-Юкъ а ю: Гикало юьртана Элиханов Джамлайлан цӀе тилла лерина, ткъа Шинасуьйра-Юкъ юьртана – Шайх Несерхоев Изновран цӀе.

Иштта, хийца лерина каппийн цӀераш а: Мичурина – Шайх Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цӀарах; Родина – Исаев Хьусайнан цӀарах; 3-й совхоз – Арсанов Дени-Шайхан цӀарах; 30 участок – Суьйр-Корта; г-к Иванова – Дадин Айбикин цӀарах; Соленая балка – Дарбан-Хи.

Бароновка а, Башировка олуш йолу 2 куп вовшахтоха лерина ю Соьлжа-ГӀалин дума, керлачу куьпана КишиевгӀеран куп цӀе а туьллуш.

Амма кхин а маьӀне ду кӀошташца дан леринарг – Соьлжа-ГӀаларчу 4 а кӀоштан цӀе а ю хийца лерина: Ленински кӀошт – Ахьмадан кӀошт; Заводски кӀошт – Шайх Мансуран кӀошт; Октябрьски кӀошт – БойсгIаран кӀошт; Старопромысловски кӀошт – Висаитовн кӀошт.

Чаккхенехь дагадаийта догӀу Нохчийчоьнан къилба-малхбалехь йолчу Веданан кӀоштара оьрсийн маттахь «Первомайская» цӀе а йолуш йолчу Хьаьжи-Эвлан цӀе а хийцина хилар – хӀинца дуьйна иза оьрсийн маттахь Хажи-Эвла ю.

И.ХАСАХАНОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: