Кадыров Рамзан: Эхье санкцеш Iамаркана шена бале евр ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан тешна ву США-н керлачу санкцеша Нохчийн Республикина цхьана а кепара зен дийриг цахиларх а, регион кхидIа а кхиорна новкъарло йийриг цахиларх а. Цу хьокъехь цо яздина Telegram чуьрчу шен каналехь.

«Iамарк спортаца, зударшца, берашца, къинхетаме гIуллакхаш дечу организацешца, спортсменашца, говрашца… къийсаяла йолаелла. Цунах «дебилизм» бен олийла а дац, хIунда аьлча, цул а галдаьлла, цул а лартIехь доцу хIума адамийн оьмарехь цкъа а хилла дац. Шуна массарна а дагавогIу Бен Ладен – №1 йолу дуьненаюкъара террорист. Цуьнан доьзал США-хь Iаш бара, цуьнан вежарий дуьненан тайп-тайпанчу маьIIехь шайн бизнес-компанешна куьйгалла деш бара. Цуьнга хьаьжна ца Iаш, царах цхьа а тилавелла а Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна кIел ца нисвелла», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.

Цу тIе США-с дIахьош йолу политика шалхо йолуш а ю аьлла цо.

«Билггал тахана, Адамийн бакъонийн дийнахь, футболан дуьненаюкъарчу дийнахь США-н финансийн министерствос дIакхайкхийна Магнитскийн организацин список юкъа Нохчийн Республикера гIуллакххой бохуьйтуш хилар. Царна юкъахь ву Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель, «Ахмат» футболан клуб, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд, и.дI.кх. Цунна тIаьххье Британис а, Iамаркерчу дегара пурба дуй а хиъна, цунна цIога а хьоькхуш, санкцеш юкъаялийна регионан Парламентан Председательна а, нуьцкъаллин структурийн белхахошна а дуьхьал. Дуьненан керлачу исторехь цхьа а хIума хийца ца делла: США-с дIадоладо, Британи тIетов, тIараш а детташ, ткъа Европо тIаьхьаро олу. Со оцу хIуманах цец ца вуьйлу, кхера муххале а ца кхоьру», – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, «Нохчийн Республикина а, цуьнан кхиарна а цхьана а кепара Iаткъам бийр бац оцу санкцеша».

«Дуьненаюкъарчу террористаша (дагадоуьйту – церан гергарчарна дуьхьал санкцеш юкъа ца ялийра США-с) йохаяйтина регион меттахIоттийна вай. Вай футболах ловзур ду (ловзархойн а, царах дог лозучеран а дог-ойла йохо милла а гIертахь а), гIо-накъосталла дийр ду оьшучарна, гIишлош йийр ю, цIинлур ду, дахарх даккхий а дийр ду. Тамашийна дерг кхин ду-кх – Iамаркехь берш хIунда ца кхета оцу санкцеша вайна новкъарло еш цахиларх? Я шайн комиксийн дуьненахь Iаш бу-те уьш, «санкци» дош хезча, дегIе зуз дан дезаш а долуш?», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо аьлла ма-хиллара, иштта беламе ду США-н а, Британин а рогIера санкцеш цхьаьнайогIуш цахилар.

«Шина а махко вовшах дага а бовлуш хIиттош ю спискаш. Хетарехь, кехат кхоош деш хир ду цара иза. Суна кхузахь баккъал а дагадеара Гиннесан Книге заявка яла. Рекордан цIе хир ю: «Цхьана республикера санкцийн списока юкъа дахийтинчу адамийн а, организацийн а уггаре а лакхара барам». ХIора санкци юкъа мел ялайо тIеттIа хала хир ду рекордана тIех довла, нагахь санна Гиннесан Книга оцу хьолехь Магнитскийн списока юкъа ца йодахь», – яздина Кадыров Рамзана.

Цунна тIетоьхна: «Таханлера эхье санкцеш США-на шена бале евр ю. Иза баккъал а Iаьржа агIо ю оцу пачхьалкхан исторехь».

Д.АНАДЕВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: