БIаьрзечарна лерина Соьлжа-ГIалин коьрта библиотека В.Ленинан цIарахчу урамехь Нохч-ГIалгIайн АССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон гIишлонан ларми чохь дIатарйина яра 1959–1986-чуй шерашкахь. Ткъа 1986-чу шарахь Октябрьски районерчу 8-чу Мартан урамехь бIаьрзечеран цIа схьадиллича, цигахь меттиг карийра цунна. ТIаккха «гIалин библиотека» статус хийцина, иза бIаьрзечарна лерина республикин библиотека хилира. Цу хенахь цуьнан директор И.В.Татаренкова яра. 1992-чу шарахь И.А.Каплаухаях тешийра и дарж.
1993–2010-чуй шерашкахь библиотекин директор М.Сеферова яра. ТIеман хенахь Нохчийн Республикин бахархошна а, бIаьрзечу нахана муххалле а чолхе, хала даьхкинчу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь йисинчу цо, библиотекин масех белхахоца цхьаьна Iалашйира библиотекин ерриге а книгийн фонд. Цара шайн белшаш тIехь луларчу цIийнан ларми чукхийхьира и книгаш, тIедетташ герз а долуш.
2003-чу шарахь дуьйна библиотека пачхьалкхан учреждени ю. Оццу шарахь библиотекехь 20 400 книга яра. 2008-чу шарахь дуьйна тойинчу (шен доларчу) гIишлон чохь дIатаръелла иза. Цуьнан директор ю Заурбекова Малика.
2010-чу шарахь дуьйна болх беш, шен декхаршца дика ларош схьайогIуш ю иза. Библиотекин фондехь 25 эзар «аудиокнига» ю, кассеташна тIехь, сидироманашна тIехь йолу «аудиокнигаш», флеш-картина тIехь йолу «аудиокнигаш», Брайлан шрифтаца йина литература, бIаьрса ледара долчеран дехаршца йина шрифт йоккха книгаш, вуьшта литература, компьютеран дискашца йолу «аудиокнигаш» ю. Ерриге а 6 отдел ю библиотекехь.
Кхузарчу библиотекарша бIаьрзечу нехан хьашташ кхочушдина ца Iаш, кхечу заьIапхойн а, тIеман ветеранийн а, студентийн а, дешархойн а хьашташ кхочушдо. Республикин тIегIанехь культурин, Iилманан суьйренаш д1ахьо. Библиотекин дика накъостий хилла, оьшуш мел долчунна тIехь дIахIиттина бу Культурин министерствон, пачхьалкхан филармонин, республикин къоман библиотекин, Халкъан кхоллараллин цIийнан белхахой.
ТIаьхьарчу шина-кхаа шарахь Заурбекова Маликас хийцамаш бина шайн балха тIехь.
Республикин 12 районехула дIасаюьгуш йолу мини-библиотекаш вовшахтоьхна. ТIаьххьара Курчалойн районехь хилла иза. ДIасаюьгу библиотека дIасайигинчохь дийнна баттахь латтайо. Брайлан шрифтаца литература йоьшурш къаьсттина Шелковскехь, Оьрза-ГIалахь алсам нисло. «Литератури юкъахь шайна езарг ца нисъелча цара тхоьга заявка схьало, тIаккха оха дукха хан ялале оьцу царна еза книга», – дуьйцу М.Заурбековас. Библиотекехь болх беш ю, ша а бIаьрзе а йолуш, бIаьрзечарна Брайлан шрифтаца сийлахь Къуръан деша Iамош йолу Кадырова Мадина. ГIезалойн Республикин пачхьенехь Казанехь дешна цо. Баттахь доьазза богIу цуьнан дешархой библиотеке.
Библиотекехь ешархойн зал, методкабинет, книгашна комплектаци яран чоь ю, царех хIора а сирла, цIена, паргIат ю. Россин а, Нохчийн Республикин а цхьа а деза де тIех ца долуьйту библиотекехь хьакъ долччу кепара билгал ца доккхуш.
З.ХИЗРИЕВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо
