Даймехкан Турпалхой – вайн дозалла

Даймехкан Турпалхойн денна лерина «Майраллин дарс» дIадаьхьира ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Грозненски а, Веданан а, Шелан а кIошташкарчу школашкахь а, Соьлжа-ГIалин, Устрада-ГIалин школашкахь а.

«Единая Россия» партин векалша суьрташ а, видеокийсакаш а гойтуш, Нохчийчуьрчу Россин Турпалхойх лаьцна дийцира.

– Росси вайн массеран а Даймохк бу. Цуьнан оьмарехь дуккха а тIемаш хилла. Даймахкана орцахбевлла, шайн синош ца кхоош, майралла гайтина кху махкахь дехачу тайп-тайпанчу халкъийн кIенташа. Уггаре а дукха турпалхой гучубевлла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь. Баккхийчара дуьйцуш дукха хезна оцу турпалхойн истореш. Вайн нохчийн халкъан даима а хилла турпалхой. Царах цхьаъ ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Тахана вай маьрша дехаш хилар, цунах даьлла беркат ду. Нохчийчоьнна уггаре а оьшучу хенахь, гучуваьлла турпалхо ву Ахьмад-Хьаьжа. Иштта, цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву шен дас дIаболийна некъ дIахьош, нохчийн халкъан дуьхьа доггаха къахьоьгуш. Кхин а бу Нохчийчохь Россин Турпалхой. Царах ву, вайн мехкан Куьйгалхочун тешаме накъост, дика доттагI вайн Парламентан Председатель Даудов Мохьмад. Шуна, бераш, хаийта лаьа, вайн регионехь «Единая Россия» партин отделени дуьххьара схьайиллинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар. ХIинца оцу партин декъашхо ву Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а, кхиберш а, – дийцира «Единая Россия» партин регионан отделенин куьйгалхочо Динаев Iадлана.

Иштта, цо дийцира уггаре а къона Россин Турпалхо а нохчи хиларх лаьцна. Иза полицихочун пхийтта шо кхаьчна кIант хилла. Цуьнан цIе Ташухаджиев Мохьмад ю.

2001-чу шарахь, мостагIий шайн цIенна тIелетча, шен дахар ца кхоош, царна дуьхьал тIом беш турпала воьжна иза.

Хьалакхуьуш долу къона чкъор патриотизмехь кхиош, Даймохк, да-нана, шен халкъ деза Iамош боккха пайда бохьу ишттачу цхьаьнакхетаршца.

М.ГЕРЗАЛИЕВА
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: