Адамийн бакъонаш ларъяран закъалт

Россин Федерацин Конституцин де, шеко йоццуш, вайн пачхьалкхан уггаре а мехалчу, политикин уггаре а доккха маьIна долчу дезачу денойх цхьаъ ду.

Керлачу Россин оьмарехь 1993-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду иза. Дерриге а халкъо кхаьжнаш а тесна, оцу шарахь тIеийцира мехкан Коьрта закон. Ткъа цул тIаьхьа, шо долуш, Россин Федерацин Президента шен Указаца гIуран беттан 12-гIа де – Россин Конституци тIеэцна де – пачхьалкхан деза де ду аьлла дIакхайкхийра.

Амма оцу шарахь а, цул тIаьхьа деанчу исс шарахь а Нохчийчоь яцара Россин Конституцин де даздечарна юкъахь.

Кхузахь къийсамаш, тIеман кIуркIамани, къизалла яра. Конституци а, закон а, цхьа а бакъо а ларъеш йоцуш хьал дара.

Селхана хилча санна, дагахь лаьтта и хьал, дог-ойла карзахйохуш, дог Iийжош. Политикин авантюристийн, дозанал арахьарчу агентийн питанаша, экстремистийн а, террористийн а ямартчу кхайкхамаша олалла деш мур бара иза, къам цара бале лаьцна мур бара.

Нохчийчоьнна маршо йоккхур шаьш бохучу цIарца, ерриге а Росси йохо, яржийна дIаяхийта Iалашо йолуш буьйцина маша бара иза.

Цкъачунна, кхузара хьал а дитина, Россин куьйгалла мехкан Коьрта закон тIеэцарна оьшург деш дара, хIунда аьлча, махкахь деш долу дерриге а хIума оцу Конституци тIе а тийжаш, иза бакъонийн бух а болуш, дан дезаш дара.

Цул сов, билгалбаьлла бацара мохк хьалхахьа гIон болу некъ.

Конституци кечъеш вуно боккха болх бира и некъ билгалбоккхуш. Россин Лакхарчу Советехь вовшахтоьхначу Конституцин комиссис а, Президента вовшахтоьхначу Конституцин совето а хIиттийна проекташ яра йийцаре ян юкъаяьхнарш.

Шина а проекта тIера положенеш юкъахь йолуш, юкъара цхьа проект хIоттийра. Иза 1993-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу дийнахь дIаяьхьначу референдумехь халкъо тIе а ийцира.

Мехкан бакъонийн коьрта документ тIеэцар бахархойн массеран цхьабосса бакъонаш хиларан а, гуманизман а, машаран а, цхьабарт хиларан а буха тIехь лаьтташ йолу демократин пачхьалкх дIахIотторехь мехала гIулч яра. Россихой кхийтира цунах, цара хьакъ ма-дду гайтира шайн граждански кхетам.

Конституци тIеэцаран референдумехь дакъалецира 58 миллион сов харжамхочо. Россин Конституци – иза вайн пачхьалкхан бакъонийн бух буьллуш долу, юридически боккха ницкъ болу закон ду.

Оцу документехь билгалбоккху пачхьалкх кхиоран коьрта некъ, ткъа иштта, билгалйоху мехкан хIора вахархочун коьрта бакъонаш (къахьега, садаIа, дин лело, деша, могашалла Iалашъян, хетарг ала). Цуьнца цхьаьна билгалдохуш ду хIора вахархочун декхарш. Конституцин коьрта Iалашо ю адамийн хьашташ кхочушдарна кхачояр.

Мехкан Коьрта закон тIеэцначу хенахь оцу дерригенна а юьстах дисира нохчийн халкъ.

Делахь а, Нохчийн Республикина куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIоьттича, хьал орамашкара дуьйна хийцаделира. Цо, нохчийн халкъах дага а ваьлла, цуьнан лаамна тIе а тевжина, вайн республикехь референдум дIаяьхьира.

Халкъо цигахь дIахаийтира шена Россин Федерацина юкъахь хила лууш хилар, Россин Конституцина тIе а тийжаш, цуьнца галморзахалла йоцу Нохчийн Республикин Конституци тIеэца лууш хилар.

Политикин доккха маьIна долу и хиламаш хиллачул тIаьхьа Нохчийчоь Россин бакъонийн хьаьрмана юкъаяхара. И дерриге а Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь хилира.

2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь дерриге а халкъан референдум дIаяьхьначул тIаьхьа, вайн республикехь а хIора шарахь даздеш ду Россин Конституцин де.

Оцу денна тIекхочуш къинхьегаман коллективаша жамIаш до динна шарахь бинчу белхан, керла Iалашонаш билгалйоху тIедогIучу шарна. Оцу дийнахь даздарш дIахьо хIора юьртахь, гIалахь, хIора ведомствехь, организацехь.

Даздарш дерзадо яккхийчу концерташца, шайн балхахь хьуьнаршца билгалбевллачарна совгIаташ дарца.

ХIокху шарахь а леррина кечамаш барца тIекхаьчна республикин куьйгалхой а, бахархой а Россин Конституцин денна.

ГIалин а, яртийн а урамашкахь дIайиттина плакаташ а, баннерш а ю оцу денна лерина. Къаьсттина даккхий даздарш ду Соьлжа-ГIалахь дIадахьа билгалдаьхна.

И де тIекхочуш шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь алсамъевлла Даймахках, цуьнан историх, турпалхойх лаьцна йолу материалаш, передачаш.

Кегийрхошна юкъахь Конституцин мехаллех лаьцна къамелаш до хьехархоша, политикаша, юкъараллин гIуллакххоша, вовшахтуху тайп-тайпана конкурсаш, викторинаш.

Оцу дерригено а гIо до кегийрхой Даймохк безаран ойланехь кхио, Конституцис мохк кхиорехь, адамийн бакъонаш ларъярехь лелош долчу маьIнех кхето.

С.ХУСЕЙНОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: