Росси кхиорехьа мехала гIулч

Вайн мехкан Коьрта закон – Конституци 1993-чу шарахь тIеэцначул тIаьхьа баккхий политикин а, экономикин, социальни а хийцамаш хилла Россехь.

Цуьнца доьзна, керла Iалашонаш, лехамаш хьалха хIиттина пачхьалкхана, Iедална. Оцу хьоло тIедалийна мехкан Конституцехь хийцамаш бан безаш хиларна. Иза чIагIдеш дара Iедалан ерриге а органашкахь, цу юкъахь Пачхьалкхан Думехь а, Федеральни гуламехь а.

Россин Президента В.Путина Конституцехь хийцамаш бан безаш хиларан хьокъехь дина дIадолор къобалдира дукхах болчу вайн махкахоша а.

Уьш тешна бара мохк кхиаран новкъа хьалхахьа бига, цуьнан нуьцкъалалла чIагIъян, бахархойн дахар кхин а зовкхе дан Конституцехь хийцамаш бан безаш хиларх.

И дерриге а хьесапе а эцна сацам бира Конституцехь хийцамаш баран хьокъехь харжамаш дIабахьа.

Дерриге а дуьненахь а санна Россехь а коронавирусан ун даьржина хиларца доьзна барт хилира харжамаш цхьана дийнахь дIа а ца хьош кIирнах дIабахьа – 2020-чу шеран асаран (июнь) беттан 25-чу дийнера мангалан (июль) беттан 1-ра де чекхдаллалц.

Билгалдеш дара Конституцин 37 статьяхь хийцамаш баран гIуллакх харжамхойн кхиэле диллар. Цунна оьшу берриге а кечамаш бира пандемин чолхечу хьелашкахь харжамийн дерриге а тIегIанашкахь. Леррина тидам тIебахийтира адамийн могашаллина кхерамза хилийтарна.

Харжамийн ерриге а каппашкахь харжамхошка пайдаэцийта туьтмIаьжгаш, каранаш, ручканаш, кхиерг охьайиллира. Харжамийн комиссийн декъашхоша адамаш дукха ца гулдалийтарна тIехь тидам латтабора, адамашца кхеторан болх дIахьора уьш уьнах ларбаран Iалашонца.

Цундела оцу балхо дика тIаьхье а елира. Россин ерриге а регионашкахь кхиамца дIадаьхьира Конституцехь хийцамаш барехула харжамаш бар. Харжамхоша жигара дакъалецира оцу мехалчу гIуллакха тIехь.

Дукхахболчара шайн кхаьжнаш дIаделира Конституцехь харжамаш барехьа. Уггаре а лакхара жигаралла гайтинчу регионашна юкъахь Нохчийн Республика а яра. Вайн бахархоша къобалдира Конституцехь хийцамаш бан безар.

Цутайппана, харжамийн жамIашца 37 хийцам бина Россин Конституцин статьяшкахь. Уьш хьакхалуш бу вайн дахаран дерриге а дакъойх.

Иштта, хийцамаш бина «Цхьааллин а, Делан а, историн бакъдолчун а хьокъехь», «берийн хьокъехь», «Экономика а, бахархойн хьалде кхиоран хьокъехь», «Махкахь халкъашна юкъахь машар а, барт а чIагIбаран хьокъехь», «Президентан даржехь шина муьрал тIех йолчу хенахь хилар дехкаран хьокъехь», и.дI. кх. статьяшкахь.

Ша аьлча, Конституцин 81-чу статья тIехь билгалдаьккхина цхьана стагана Россин Президентан даржехь шина муьрал сов хила мегаш дац (хьалха – тIекIал шина муьрал сов аьлла дара), аьлла.

И статья тIеюзуш, хуьйцуш цуьнан 3.1 декъана тIетоьхна билгалбина бехкам (бакъо) пачхьалкхан хIинцалерчу Президентах а хьакхалуш бу, делахь а хьесапе оьцуш дац цул хьалха иза оцу даржехь маса муьрехь хилла (ву) бохург.

Оцу хийцамо Путин Владимирна таро ло 2024-чу шарахь а мехкан уггаре а лакхарчу дарже харжийта. Керлачу хийцамаша дикка лакхадаьккхина махкахь хуьлуш долчун Правительствон а, Пачхьалкхан Думин а жоьпалла.

Масала, Конституцин 103-чу статьяца нийса а догIуш, Пачхьалкхан Думина тIехь ду Россин Правительствон Председателан, вице-премьерийн, федеральни министрийн кандидатураш чIагIъяр.

Цу юкъа ца йогIу Федерацин Советехь йийцаре еш йолу кандидатураш. Иштта, Пачхьалкхан Думехь ладугIу Коьртачу банкан хIора шеран отчеташ.

Цул сов, 103.1 статьяхь (керлачу) билгалдоккхуш ду Федерацин Советан а, Пачхьалкхан Думин а пачхьалкхан органийн куьйгалхойн балха тIехь терго латто бакъо хилар.

«Пачхьалкхан Дума» дIасахецаран хьокъехь йолу 109-гIа статья тIе а юзуш, билгалдина Мехкан Президента хьалхатеттина йолу премьерминист ран кандидатура я правительствон куьйгалхочо хьалхатеттина йолу вицепремьерийн, министрийн кандидатураш депутаташа кхозза юхатеттича Пачхьалкхан Дума дIасахецаран некъаш.

«Кхочушдаран Iедалан хIоттаман хьокъехь» йолчу 110-чу статьяхь хьалха билгалдаьккхина дара Россехь кхочушдаран Iедал правительствос кхочушдо, аьлла. ХIинца цунна тIетоьхна: «Россин Федерацин Президента юкъара куьйгалла а деш», аьлла.

Цу тайппана Россин Правительствон Председатель Президентан указаца хIоттош ву цуьнан кандидатура Пачхьалкхан Думехь чIагIйинчул тIаьхьа. (Хьалха «Пачхьалкхан Думех дага а ваьлла» аьлла дара).

Оццу 111-чу статьяна тIетоьхна хIара положени: «Нагахь санна Президента министрийн кабинетан куьйгалхо даржера дIаваьккхина я отставке вахийтина хьал хилахь Президента Пачхьалкхан Думе оцу дарже йолу кандидатура дIало кIира хан ялале».

Суьдийн балхана леринчу статьяшкахь а цхьамогIа хийцамаш бина. Масала, «Суьдаш вовшахтохаран хьокъехь» йолчу Конституцин 128-чу статьяхь йовзуьйту суьдахой даржашка хIитторан къепе.

Кхуззахь билгалдоккхуш ду федеральни суьдийн председательш а, председателийн заместительш а, кхиболу суьдахой а Президента дIахIиттош хилар, федеральни Конституционни законца чIагIйинчу къепенца.

Гуш ма-хиллара, Конституцехь бина дукха хийцамаш Iедалан а, бакъонашларъяран органийн а балхах хьакхалуш бу, церан болх тобарна тIехьажийна бу. Амма иза данне а дац бахархойн дахар-Iеран хьелаш тодаран декъехь Конституцехь кIезиг хийцамаш бина, уьш дIора маьIне бац бохург.

Мелхо а, мехкан Коьртачу законехь боккха тидам тIебахийтина белхан алапаш, пенсеш, пособеш лакхадахарна, бахархошна социаьни гIоленаш ярна. Цу декъехь болу хийцамаш 75-чу статьяхь бина.

Ма-дарра аьлча, Россин Конституцехь оццул баккхий, мехала хийцамаш бина вайн махкахь дехаш долчу дерриге а халкъийн барт, машар, цхьаалла чIагIъяран, мехкан зовкх, экономика, нуьцкъалалла алсамъяккхаран, халкъаш маьрша дахийтаран, церан бакъонаш, маршонаш ларъяран Iалашонца. И ду коьртаниг.

С.ХАСАНОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: