Билгалбаьхна интернет-белхийн толамхой

Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерствехь билгалбехира экстремизмана дуьхьало яран а, къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъяран а интернетбелхийн республикин конкурсан толамхой.

Конкурсан Iалашо яра кегийрхошна интернетах пайдаоьцуш, эсктремизмах муха ларбала беза довзийтар, экстремизман агIонаш муха хуьлу, церан хIун башхаллаш ю, церан тIаьхье муха хуьлу а дуьйцуш.

Иштта, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал кегийрхоша шайн граждански хьежамаш ларбеш язъечу «текстийн», «комментарийн» кепаш а йовзийтира цара шайн белхашкахь.

Цул сов, тайп-тайпанчу къаьмнийн кегийрхоша интернетехь вовшашка болу цабезам гучубаккхарх а, Iиттарш ярх а, шаьш кхечу къаьмнел лакхара хеташ «хаамийн тIом» барх а, я цхьабарт болуш экстремизмана, терроризмана дуьхьал хиларх хуьлучу тIаьхьенах а лаьцна яздинера шайн белхашкахь конкурсан дакъалацархоша.

– Таханлерчу хьолехь, дерриге а гIуллакхаш телефона чухула ду. Интернетах пайдаоьцийла совъяьлчахьана, телефонан аьттонаш шорбелчахьана, цу чу вирзина массо а. Цхьаболчара пайдехь дезар до телефонах, ткъа, мел халахеташ делахь а, шайн цхьа зуламе Iалашонаш йолуш нах а бу цу чохь. Цара тилабо вайн кегийрхой, къаьмнашна юкъахь питанаш даржадо, бакъдерг харц ду бохуш лела. Массарна а ца хаьа муьлханиг бакъ ву, муьлханиг харц ву. Цундела, вайн журналисташа цу тIехь жигара болх бу дIахьош. Иштта вовшахтоьхна яра хIара конкурс а. Тхоьга дуккха а белхаш кхаьчнера. Царна юкъахь тоьлларш билгал а баьхна. Вайн кегийрхошна дIабовзийта беза интернетах зулам даларх ларваларан некъ а, нийсачу хьежамаша вежаралла а, доттагIалла а чIагIдийриг хилар а, – элира Хаамийн а, зорбанан а министран заместитела Мустапаев ИбрахIима.

Конкурсан комиссин жамIашца хьалхара меттиг яьккхина Хаамийн а, зорбанан а министерствон векала Гарсиев ИбрахIима, шолгIа меттиг – «Вести республики» газетан векала Батаев Муслима, кхоалгIа меттиг – «Грозный-Информ» хаамийн агентствон корреспондента Лорсанов Лом-Iелас.

Дипломашца билгалбехира конкурсан толамхой.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан сурт
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: