ГIуран (декабрь) беттан 8-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан а, историн а институтехь рогӀера кхеташо хилира.

Институтан директора Умхаев Хьамзата довзийтира дийцаре дан лерина гIуллакхаш.
Шо чаккхене доьдуш хилар хьесапе а эцна, институтан Ӏилманийн-талламийн лаборатореша 2020-чу шарахь бинчу белхан жамӀаш довзийтар а, карарчу хенахь Ӏилманан белхахоша дӀахьочу балхах лаьцна дийцар а дара цхьаьнакхетаран коьртачу Ӏалашонехь.
Лабораторийн куьйгалхоша а, говзанчаша а дийцира шаьш бинчу балхах лаьцна.
Хь.Умхаевс дийцарехь, Нохчийн меттан а, историн а институтана тӀедехкинчу коьртачу декхаршна юкъахь уггаре мехалчу а, жоьпаллечу а гӀуллакхех ду ширделлачу дешнийн а, орфографин а ши дошам вовшахтохар а, зорбане яккха кечъеш хилар а.
Институтан Ӏилманан-талламан а, дешаран-методикин а лабораторешкахь къахьоьгуш бу нохчийн меттан говзанчаш.
Институтан белхахоша йоцца докладаш йира шаьш бинчу балхах лаьцна. Шеран план кхочушъярца ларош ю институтан коллектив. Иза тӀечӀагӀдеш бара говзанчаша шайн балхах лаьцна бина хаамаш.
Масала, Нохчийчоьнан историн лабораторин Ӏилманан белхахочо Исаева Розас дийцира шайн лабораторис (заведующи профессор Багаев Муса) бечу балхах лаьцна.
Нохчийчоьнан историн дешаран-методикин комплекташна тӀехь къахьоьгуш бу оцу лабораторин говзанчаш.
Карарчу хенахь 9-чу классана лерина Нохчийчоьнан историн Ӏамат язъеш бу уьш.
Цул сов, конференцешкахь дакъалоцуш а, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин а, Нохчийн меттан а, историн а институтан Ӏилманан журналашкахь Ӏилманан статьяш зорбане йохуш а бу.
Иштта кхеташонехь докладаш йира Акаев ВахӀида а, Устаев Ахьмада а, Джунаидов Аюба а, Джунаидов Мохьмада а, Аболханов Хьакима а, Дашаева Лайлаа а, Магамшарипова Фатимас а.
Талламан болх дӀабахьарца дика ларош бу институтан Историн географин, топонимин, аномастикин, мохкталларан, музейн гӀуллакхан а лабораторин говзанчаш А.Устаев, Хь.Яндарбиев, А.Джунаидов, М.Джунаидов, Р.Бурчаев, М.Айдамирова.
Курчалойн а, Веданан а, Нажи-Юьртан а кӀоштийн ярташкахь топонимин декъехула талламаш беш материал вовшахтухуш ву Джунаидов Аюб а, Бурчаев Руслан а.
Ткъа Джунаидов Мохьмад аномастикин декъехула къахьоьгуш ву. Нохчийн ширъелла цӀераш гулъеш, цунна хӀинцале а карийна нохчаша кӀенташна туьллуш хиллачарах 6 эзар а, мехкаршна тохкуш хиллачарах 7 эзар а цӀе.
Профессора Акаев ВахӀида язбина Ӏилманан белхаш вайн заманахь экстремизмана а, терроризмана а профилактика ярна лерина бу.
В.Акаевс жигара дакъалоцу дуьненаюкъарчу конференцешкахь а, симпозиумашкахь а. Цуьнан Ӏилманан балхах пайдаоьцу студенташа а, дешархоша а.
Нохчийн Ӏилманийн докторийн чот еш боккха болх беш ву институтан Ӏилманан белхахо Аболханов Хьаьким.
Иштта, нохчийн меттан хьехархошца цхьаьна видеодарсаш кечдеш а, кхийолчу пайдехьчу рубрикашца а болх беш ю Магамшерипова Фатимас куьйгалла ден дешаран хаамийнтехнологин туш. Церан болх «UROK-95» сайта тӀехь зорбане боккхуш а, хьехархоша шайн балха тӀехь а, нохчийн мотт Ӏамо луучара шайн дешарехь а пайдаоьцуш бу.
Дашаева Лайлаа дӀахьош ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш. Цкъачунна, хӀоьттина долчу санитарни-эпидемиологин хьоле хьаьжжина, видеоформатехь семинараш ю дIахьош.
Цул сов, нохчийн хьехархой федеральни тӀегӀанехь дӀахьочу конкурсашкахь дакъалацийта кечбеш болх а бо Л.Дашаевас.
Институтан Ӏилманан белхахочо Яндарбиев Хьамзата зорбане кечбина Ӏилманан-талламан «Туристашна лерина литературин некъгойтург» аьлла болх вайн республикин бахархошна а, мехкан хьешашна а мехала, оьшуш бу.
Хьамзатан книга зорбане яьлча, цунах пайдаэца кийча ю республикин туризман министерство а.
Айдамирова Машара билгалбаьккхина болх «Нохчийн халкъан историн некъ исбаьхьаллин литературехь гайтар.
Культурин тӀаьхьалонаш таллар» аьлла методикин Ӏамат вовшахтохарна лерина бу.
Шен проектан-талламан болх А.Айдамировн цӀарахчу литературин-хӀолламан музейхь беш беш бу цо.
Суьрта тӀехь: Нохчийн меттан а, историн а институтехь кхеташо
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де