Мехала книга – хаза кхаъ

Хууш ма-хиллара, муьлххачу а халкъан культура тайп-тайпанчу дакъойх лаьтташ ю. Халкъо шен ойланаш, синхаамаш, дуьнене болу хьежамаш гойту, бовзуьйту шен культурица. Культурин тIегIа лахара я лакхара хиларца хадабо халкъан синхIоттаман, синмехаллин мах.

Культура шатайпана куьзга ду, халкъан Iер-дахар исбаьхьаллин тIегIанехь гойтуш. Культурин «маттехула» девза халкъ дуьненахь дехачу халкъашна. Хелхаршкахула, спектаклашца, халкъан Iер-дахар, амал гайталахь, иллеша, эшарша мукъамехь къоман мотт хозуьйту.

Дуккха а халкъаш дехачу Кавказехь дуккха а культураш ю. Халкъийн санна, культурин истори ю шираллехь. Говзанчаша бан ма-безза таллам бича, маьIна дича, гучудолу хьалха хилла дахар, хьежамаш.

Оцу декъехь дуккха а дерг гулдина, теллина гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, чергазийн, Дагестанерчу цхьадолчу халкъийн Iилманчаша. Халахеташ делахь а, билгал ца даьккхича ца долу – оцу декъехь бан ма-безза болх а бина, теллина яц нохчийн культура.

Билгалдаккха деза нохчийн драмин театран историх, сцени тIехь хIиттийначу спектаклех, говза васташ кхоьллинчу актерех Гапаев Iабдуллас язйина «Чеченский драматический театр» (г. Нальчик, 2015 шо. 1 эзар экз., 440 агIо) книга мехала хилар.

Оцу декъехь болх Iилманчас Ю.Айдаевс бина. Театрах, актерийн кхоллараллин некъах дуккха а статьяш язйина журналиста Газиева Азас. Нохчийн халкъан цхьайолу эшарш толлуш Iилманан болх язбинера (чIагIбаза бисина кандидатски болх) похIмечу поэта, Iилманчас Дикаев Мохьмада.

Дан дезачуьнца дуьстича, динарг Iаламат кIезиг ду, нохчийн культурин хазна тидаме эцча муххале а.

Дан дезарг дан деззачохь дуьсу, нагахь цхьаъ, хан ярий-яцарий, могашалла ярий-яцарий ца бохуш, хьомсара, гергарчу адамашна ма-валлара, орцах ца валахь.

Иштта, орцах а яьлла, ас ца дахь, хьан дийр ду хIара гIуллакх, ас тахана ца язъяхь, кхана мила хир ву язъян аьлла, доггах язйина книга ю, хIокху деношкахь зорбанера араяьлла «Мукъамийн хьаьрмахь» цIе йолу Газиева Азин книга.

Книга йоккха хилла ца Iаш, мехала ю, дуккха а керланиг довзуьйту дела, хIинццалц цхьаммо а иштта болх бина цахиларна. Цхьана-шина шарахь ца язйина Азас хIара книга, дуккха а шерашкахь хIора артистах тоьшаллаш гулдина, шена хезнарг, хуург, гергарчаьрга, бевза-безачаьрга хоьттуш, нисдина, цхьана къепе, хотIе дерзийна, шен кхетамах, амалх чекхдаьккхина, тIаккха йозанца кехат тIе охьадиллина.

Цул тIаьхьа а юх-юха теллина, дуьстина, нисдина бакъдолчун буха тIехь. ТIаккха бен зорбане ца даьхна халкъана дукхабезначу, дукхабезачу артистех долу шен йозанаш.

Iаламат дукха хиламаш, артистийн, композиторийн цIераш, эшарийн, мукъамийн авторш бовзуьйту А.Газиевас шен книгин агIонаш тIехь.

Чулацаме ду «Шахбулатов Iаднанан цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони» дакъа. ХIокху декъехь вайна бевза нохчийн культура, къаьсттина мукъамийн культура, когахIоттош доггах къахьегна Мепурнов Георгий (гуьржи), «Нохч-ГIалгIайн халхаран, мукъамийн, иллийн ансамбль» вовшахтоьхна волу (1936 шо), дирижер Л.М.Шаргородский а волуш.

Оцу оркестрана язйинера Г.Мепурновс «Къилбаседа Кавказан ламанхойн эскизаш», «Аганан илли», «БердкIелхойн хелхаран йиш», «Хьалхамартанхойн хелхаран йиш».

«Мепурнов Георгий гуьржи вара, 1900-чу шарахь дуьнен чу ваьлла. Бераллехь дуьйна мукъамашца гергарло чIогIа дара цуьнан. Музыкин школехь дешарх тоам а бина ца Iаш, Москвахь консерватори чекхъяьккхира цо. Муьлххачу а гIалахь болх бан лаккхара корматалла, мукъамех кIорггера хаарш долуш говзанча вара иза. Делахь а, шен дерриг а дахар дIаделла Георгийс нохчийн мукъамаш лохуш, дIаязбеш, ноташка берзош. Нохчийн музыкин культура когаяхана, цо къеггина зазахеца лууш, уггар а халачу шерашкахь Г.Мепурновс дукха къахьегна вайнехан мукъамаш нотийн хьаьркашка дерзош. Цунах майрра ала мегар ду – нохч-гIалгIайн классикин музыкин бухбиллархо», – яздо Азас.

Иштта вовзуьйту «Асланбек» цIе йолу турпалаллин сюита кхоьллина Н.С.Речменский, композиторш Александр Халебский, Александр Ильич Александров, 1939-чу шарахь кхоьллинчу пачхьалкхан филармонин дуьххьарлера исбаьхьллин куьйгалхо Шарогородский Лев Матвеевич, солисташ хилла Димаев Iумар, Дикаев Жунид, Сулейманов Баудди, Цицкиев Идрис, Ганукаева Йисита, Анзорова Балкан, Дакашев Ваха, Садыков Iандарбек, и.дI.кх.

Бовзуьйту филармонин белхахоша иттаннаш шерашкахь бина болх: нохчийн халкъ махках даккхале, ГIум-Азин арахь, Нохч-ГIалгIайн АССР юхаметтахIоттийча, вайн заманахь а.

Шен цIарца ца вовзуьйтуш, хьаха ца веш ца витина Азас цхьа а иллиалархо, йишлакхархо, композитор. Йицъеллачарна карлайоху оцу хенахь хилла ансамблаш, кхоллараллин тобанаш: «Илли», «Самукъане сахьт», «ЖовхIар», «Нур-ЖовхIар», «Безаман аз», «Раяна», «Экспансия», «Ламанхой», «Синтар», «Зама», и.дI.кх.

Оцу тобанашкахь, ансамблашкахь корматалла, похIма кхиъначу артистех дийцина ца Iаш, А.Газиевас дуьйцу нохчийн кхечу артистийн дахаран а, корматаллин а некъех.

ЦIеначу, хазачу, аьхначу нохчийн маттахь боккхачу безамца, ларамца, хIораннан а хьурмат деш, хастаме дош аьлла Азас: Сулейманов Бауддих, М.Айдамировах, В.Дагаевх, Ш.Эдисултановх, С.Магомедовх, Б.Дидиговх, Р.Чакараевх, Озиева Маьлх-Аьзнех, Ясаев Мохьмадах, И.Абдулкаримовх, С.Пашаевх, К.Гамбулатовх, С.Токкаевх, М.Ужаховх, Т.Дадашевах, Ж.Шамилевах, Маликех, Айманех АйдамировгIарах, Л.Ахматовах, М.Ташаевах, I.Усмановх, Р.Даудовх, Х.Ульбиевх, А.Далхадовх, И.Гелгоевх, З.Дудаевх, I.Асхабовх, Х.Махмудовах, С.Шоиповх, С.Цугаевх, Цугаев Салманах, З.Сардаловах, М.Чикуевах, Р.Паскаевх, М.Шабазовх, М.Буркаевх, I.Бексултановх, вежарех ДимаевгIарах – Iелех, Iамарбеках, З.Хасановх, С-Э.Януркаевх, З.Чергезбиевх, и.дI.кх.

Нохчийн иллиалархойх, эшаршлакхархойх, пондарчех, композиторех язйина кхузткъевуьрхIитта очерк, пхийтта статья юкъаяхана книгина.

Нохчийн культурица уьйр-марзо йолчарна мехала хилла ца Iаш, исбаьхьаллин школашкахь, училищехь доьшучарна Iамат санна, къоначу журналисташна масаллина а маго хьакъ ю хIара книга, нохчийн маттахь хIинццалц ишттаниг язйина цахиларна.

Нохчийн мукъамашкахь, иллешкахь, эшаршкахь хаало, хеза дахаран болар, халкъан Iердахар, гIайгIа-бала, сингаттам, самалхадалар, синпаргIато.

Заманца, Даймахкахь хIоьттинчу хьолах доьзна хуьлу поэтан дешнаш, композиторан мукъамаш. Ткъех шо хьалха къаьсттина дукха яра гIайгIане, сингаттаме эшарш.

Бакъду, уьш дIалакха культурин кхерч, чоь-м яцара вайн махкахь.

Шина тIамо бохийначу махкахь хезарш узамаш, тийжамаш хилла ца Iаш, иллеш, эшарш а яра гIайгIане, шайн чулацамца дахарх догдуьллуьйтуш, дегайовхо гIелъеш.

Хьалххе шена хьалха Iалашо а хIоттийна, хIара книга язйинчу Азин очеркашкахь, статьяшкахь а дика хаало дахаран болар, адамийн хьежамаш, заманан синпха. Баккхийчу а, къоначу а артисташна юккъера уьйр, ламасталла лардеш, мукъамийн культурин зIе ца хадош, хьалхарчу агIон тIера тIаьххьарчу агIон тIе кхаччалц, похIмечу, вайн къоман оьздангалла ларйинчу, кхиийначу, кхиочу артистех дуьйцу Азас.

Нохчийн культурах дийца а, яздан а, тахана дезар эца а вайн йиш-аьтто хир бацара, ткъа шо хьалха цIаро багийначу махкана, эзар дакъа а хилла, дуьне мел ду даьржинчу, даржийначу халкъана Ахьмад-Хьаьжера (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) орца а, маслаIате дош, кханенах тешам чIагIбо дегайовхо а ца кхаьчнехь.

И иштта хилар шал шера хуучу, дерригенан а ша теш хиллачу Газиева Азас яздо: «Культура йоцург – къам дац!» – элира халкъан баьччано. Вайна массарна а хууш ду: цкъа а аьлла дош дечу гIуллакхашца галморзах долуш дацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Цо шен къинхетамечу, комаьршачу тIома кIел лецира нохчийн къоман культура… Дерриг нохчийн халкъана инзаре ирча даьхкинчу деношкахь Ахьмад-Хьаьжас Iуналла ма-дарра, вайн къоман культура шен семачу тергонехь латтайо НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Дайх дисинчу оьздачу гIиллакхашна мелла а пе тухуш, Европехьа дIаерза самакIамделла къоман культура нохчийн хотIе юхаерзийна НР-н Куьйгалхочо. Халкъан мукъамийн орамех лард йоттийтина цо нохчийн къоман музыкин культурехь. И мехала гIулч массарна а тайна».

Дуьненара яккхийчу залийн сценаш тIехь нохчийн культура йовзийтинчу, конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъалаьцначу, толамаш баьхначу, синъоьздангалла ларйинчу, синмехаллаш кхиочу, дебочу са цIеначу, хIайбатечу адамех йолу Газиева Азин «Мукъамийн хьаьрмахь» книга хьакъ а яра, НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Грантан чоьтах зорба а тоьхна, араяккха.

Кхоллараллехь кхин а кхиамаш хуьлийла хьан, Аза!

СУМБУЛАТОВ Дени
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: